Областехь закон а, низам а лардан декхар волчу ас Зеламхе дӏахоуьйту, Далла а, пачхьалкхана а хьалха иза уггар воккха закон талхорхо а, зуламхо а айса лоруш хилар а, цо динчу зуламашна цунна уггар луьрачу таӏзарца бекхам богӏуш хилар а.
Шех къинхетам бар цо дехарх лаьцна аьлча, цкъа-делахь, иза дан сан бакъо йац. Иза сан карахь дац. Цунах къинхетам бар паччахьан карахь ду. Шолгӏа-делахь, со инзаре чӏогӏа цецвуьйлу Зеламхас шена къинхетам бехарх.
Со закон талхорна цо тӏетоьттуш хилча, цуьнан законе лерам мичахь бу, вуьшта аьлча, законаца цунна кхел йан декхар волчу соьга, закон а талхош, шех къинхетам баре а хӏунда кхойкху иза?
Законо тидаме оьцур ду цуьнан цӏенчу даггара дохковалар, амма кхечарна шеггара кхел йан а, таӏзар дан а, бекхам эца а къонахалла хиллачу цуьнан суьдана хьалха хӏотта а, шена догӏу таӏзар тӏеэца а къонахалла хила йеза».
Шина а куьйга къевллина корта схьа а лаьцна, лаьттан бӏаьра а вогӏавелла, Аюба дуьйцучуьнга лерина ла а доьгӏна, доккха садаьӏира Зеламхас.
– Айса лелийначунна со дохковаларх а, ас гора а воьжна, лаьттах корта а бетташ, дехарш дарх а, суна гечдан а, сох къинхетам бан а, суна маршо йала а ойла йац, Аюб, оцу хьаькамийн. Царна вай дохкодовлар ца оьшу, вайн синош, вайн кортош оьшу. Амма иза хир дац, вайна чохь синош а долуш. Цундела, ваьш дийна мел ду, уьш бойур бу вай. И газет соьга схьалол, Аюб.
Газет, деалха а тоьхна, шен чета доьллира Зеламхас…
Добровольскийх бекхам эцна цо. Чорний тӏаьхьенга теттина. Цул хьалха цо бекхам эца безарг кхин ву. Хӏинца округан начальник волу Галаев. Чорнис тӏара тоьхна Зеламхина. Бецига жимачу Муслиматца набахтехь кхо бутт хан а йаккхийтина. Добровольскийс къеначу Бӏаьхон маж озийна. Элсангӏаргахьа а, хорачойн, махкатӏхойн йуьртдайшкахьа а ваьлла, миска Хаси набахтехь а латтийна. Добровольскийс дуккха а бохамаш бина Зеламхина. Хӏетте а хӏокху хӏиричун къизаллица вуьстича, и Добровольский-м малик хиллера.
Добровольскийс, зударий, бераш, къенанаш лоьцуш, Сибрех ца бохуьйтура. Гушмацӏин, Зеламхин, церан вежарийн зударшкахула болу гергара нах а ца хьийзабора. Ткъа Галаевс уьш бӏарзбина.