Ӏӏӏ Дума – политически куьце йерзийна, помещикийн а, буржуазин хьолахойн а политически организацийн йукъара союз йу.
В. И. Ленин
1905-чу шеран буржуазин революцис мелла а самадехира российски импери чохь дехаш долу къаьмнаш. Царах цхьадерш Россин империна кӏел долу масех бӏе шо дара. Цхьадерш дӏадаханчу бӏешарахь схьатӏедоьзнера. Барамехь кӏезиг, гӏорасиз къаьмнаш доьллера оьрсийн паччахьан ӏедало шайгахь латточу ӏазапах. Масала, Къилбаседера, Сибрехара къаьмнаш. Бӏешерийн дохалла шайн феодалийн лоллехь лаьттина Йуккъерчу Азера халкъаш а, казахаш а тийна-таьӏна ӏара. Царна бен дацара шайн феодалийн а, оьрсийн паччахьийн а олалла. Бакъду, хӏинца цара ши дукъ уьйзура. Оьрсийн паччахьан а, шайн феодалийн а, тийна-таьӏна. Дуьхьало йан ницкъ а, барт а боцуш. Амма Россис нуьцкъах шен олаллина кӏел латтабахь а, цуьнца цкъа а машар ца хуьлуш, шайн маршонах дог ца дуьллуш, шатайпачу машаречу некъашца шайн маршонехьа къуьйсура полякаша а, Прибалтикан халкъаша а, финнаша а. Къаьсттана полякаша. Шайн лаамехь Россих дӏакхетта дукха хан йалале, «воккхачу керста вешин» куьйган дозалла хиъна, гуьржий цкъа гӏевттира цунна дуьхьал. Амма паччахьан эскарша йоккхачу къизаллица шайн гӏаттам хьаьшча, бӏе шарна дӏатийра уьш. Эрмалоша цкъа а дуьхьало ца йора Россина. Оьрсийн ӏедал дезар а дацара иза. Россих дӏакъаьстича, шаьш бусалба туркоша дӏахударна кхоьруш, дерриг а ловш ӏара. Азербайджанаш реза бацара, шайн мехкан хьолан дай а хилла, когаш хецна кхуза охьахевшинчу оьрсашна. Шайца цхьа дин, цхьа мотт, цхьа культура йолчу туркошкахьа йара церан дог-ойла. Къайлах а, даррехь а. Амма азербайджанаш шайн цӏийца, амалшца къийсамхой, тӏемалой бацара. Уьш машаре адамаш дара, царна синтем безара.
Массарначул тӏех оьрсийн ӏедал ца дезара ламанхошна. Росси церан исторически мостагӏ йара. Иттаннаш шерашкахь церан цӏий ӏенийна. Бӏешерийн дохалла цара хьанала, хьацарца кхоьллинарг туьраций, цӏерций хӏаллакдина. Масех халкъ, нуьцкъах махках а даьккхина, Хонкара кхалхийна. Церан махка оьрсийн колонисташ ховшийна. Кхузахь бисинчаьргахь къиза ӏазап даллош.