Уьш Россин колонешкахь империн гӏортораш йара. Россин губернешкахь латта а доцуш, адамийн цхьа а тайпа бакъонаш а йоцуш, помещикийн лоллехь лаьттина, ткъа оцу лоллех маршабаьхча а латта а доцуш, шайн доьзалш хене баха сискалан йуьхк йоцуш бисинчу оцу муьжгашна империс дӏалецначу мехкашкахь уггар тоьлла латта а, шайн даймахкахь церан ца хилла бакъонаш а, маршо а йеллера. Ӏедалан чиновникаша а, килсийн мозгӏарша а даим а дӏа оцу колонистийн лерехь зурма лоькхура, цигахь шу оьрсийн пачхьалкхан гӏортораш йу, хьекъалца а, кхетамца а, цӏийца а шу туземцел лакхахь ду, колонешкахь оьрсийн ӏедал, олалла латтош а, чӏагӏдеш а цуьнан гӏортораш хила деза шу бохуш. Нагахь санна шу оьрсийн пачхьалкхана, ӏедална, паччахьна тешаме ца хилахь, аш йамартло йахь, оьрсашна дуьхьал гӏевттинчу туземцашца шун уьйр хилахь, аш царна гӏо дахь, пачхьалкхо, шуна делла латта а, бакъонаш а дӏа а йаьхна, сагӏа доьхучу хьоле хӏиттор ду шу бохуш. Цундела Россин империна а, паччахьна а, цуьнан ӏедална а уггар муьтӏахь болу оьрсий колонисташ бара. Тӏе, колонехь вехачу уггар хьекъална аьртачу а, къечу а муьжгичунна меттигерчу туземцел ша лакхара, ша господин, ткъа и туземец шен лай, йалхо хила хьакъ хетара.
Пачхьалкхан правительствос, колонешкахь империн олалла латто а, чӏагӏдан а ӏалашо йолуш, цхьана агӏор – къаьмнашна йуккъехь, вукху агӏор – хӏора къоман феодалашна, тайпанашна, тукхумашна, динан вирдашна йуккъехь вовшашка цатешам а, цабезам а, мостагӏалла а кхуллуш, къаьмнийн а, къаьст-къаьстинчу къоман а барт а, цхьаалла а йохайора, къайлах а, даррехь а адамаш дойура, меттигерчу халкъийн шайн маршонехьа къийсам къинхетамза хьоьшура. Оцу ӏалашонца цхьаьна, кхин а генна хьалха хьажийна ши ӏалашо а йара империн: кегий къаьмнаш русифицировать дар, йа церан къоман мотт, истори, культура, йахь-оьздангалла, гӏиллакхаш, даймахке безам, лерам, къоман сийлахь, хьурмате мел дерг хӏаллак а дина, царах къоман йуьхь йоцу космополиташ, манкурташ бар.
Россин политика шен массо а колонехь цхьатера йацара. Меттигерчу къоман амалшка, ницкъе, шена дуьхьало йаре хьаьжжина, къиза йа кӏеда хуьлура иза.