йезара, коьрталла дезара, мелла а шел хьекъалениг, оьзданиг, доьналлениг, наха мелла а лоруш верг хӏаллакван, бехван гӏертара. Шена пайде дацахь, йа къоман ӏадаташ а, йа шариӏатан низамаш а тергал ца дора. Халкъан йукъара гӏуллакхаш, гӏиллакхаш дийцаре дан, сацамаш тӏеэца гуллуш мехкан къанойх вовшахтоьхна Мехк-Кхел йара церан, амма цуьнан сацамаш дӏакхайкхор бен, уьш кхочушбойтуш ӏедал а, йукъараллин ницкъ а бацара.
Хьекъалечу, оьздачу стагах бӏаьрг ца бузура нохчочун, цунна хьалха суждане ца воьдура иза, майрачу, ницкъ болчу, къизачу стагах бӏаьрг бузура, цуьнга ладугӏура, цунна тӏаьхьахӏуттура. Нохчашна тӏехь ахь ӏедал муха латтадора аьлла, шега хаьттича, имам Шемала жоп деллера: шен омра, шен низамаш кхочушдан дуьхьало йинчеран кортош а дохуш, уьш кертан хьокхаш тӏе а духкуш; и кортош гина нохчо, чуха санна, эсала хуьлура аьлла.
Оьрсийн колонизаторшна уггар йеха а, луьра а дуьхьало йинарш а, церан эскарш тӏехь толамаш баьхнарш а, церан эскаршна даккхий зенаш динарш а, ламанан халкъийн маршонан къийсамехь хьалха а, коьртехь а хилларш, и къийсам хӏинца а ца сацош, шен ницкъ ма-кхоччу дуьхьало йийриш а хӏара къармазе, маршо йеза нохчий бара. Ламанан къаьмнаш даим а карзахдохурш, Россина дуьхьал гӏиттораш а хӏара нохчий бара. Нохчашна маршо йезара, амма и шайн йерг ларйан а, дӏайаьккхинарг схьайаккха а, схьайаьккхинарг ларйан а герз а, майралла а йоцург, кхин гӏирсаш ца бевзара царна. Йа, баккъал а йолу маршо муха хуьлу а, ца хаьара. Царна йевза а, йеза а маршо – иза цхьана а стеган куьйгалли кӏел а доцуш, цхьана а ӏедална, законашна кӏел а доцуш, хӏораммо а шена луъург дан мегаш йолу маршо йара.
Цундела и халкъ дерриг а хӏаллак ца дича, къарлург хиларх дог диллинчу инарла Ермоловна дагадеара, иза хӏокху махкара дӏа а даьккхина, Россин къилбаседа губернешка кхалхо. Амма иза кхочушдан цуьнан аьтто ца нисбелира, туркошца а, персашца а йукъаметтигаш галйовлар а, цаьрца тӏом болабалар а бахьана долуш. Тӏаккха, кхузахь ламанхошца тӏех къиза хиларна бехке а вина, паччахьо Кавказера дӏаваьккхира иза.
Цул тӏаьхьа цхьана ткъа шарна дӏатеттира и идея. ХӏХ бӏешеран 40-чу шерашкахь оьрсийн