Шен цхьа ӏалашо йолу Ардабьевский маслаӏатана йукъавелира:
– Тхоьгара гӏалат даьлла, старшина, оха къинтӏера валар доьху хьоьга. Бакъ а, харц а къасто хала, чолхе зама ма йу хӏара. Вай массара а дийриг пачхьалкхан, ӏедалан гӏуллакх ду. Бехкаш лоьхур бац вай. Сан дехар ду хьоьга сайна уллохь хилар.
Йуьртда, вист ца хуьлуш, дехьо лаьттах тӏа а детташ хӏоьттина лаьттачу хье тӏехь сет долуш, хьаргӏанан басахь йолчу шен говрана тӏе а вахана, цуьнан вортанах шозза-кхузза дай куьг а тоьхна, луьйтана ког а биллина, каде нуьйра хиира.
Ардабьевскийна ца моьттучу тайпана, чам боцуш чекхйаьллера операци. Базаран майдана бӏаьрг тоьхча, ирча сурт гора. Хоттала охьаӏенийна хьаьжкӏаш, кӏа, борц, ахьарш, даманаш. Кӏелхьарйаха ца кхиина йисина ворданан чкъургаш, готанаш, нахарш, аганаш, маьрсаш, мангалш, аьтта кхийра пхьегӏаш, кхиерш а. Шина сохьтехь болх бича, цхьа обарг а ца лаьцнера, цхьа топ а, тапча а ца йаьккхинера, лачкъийна цхьа бежана а, говр а ца карийнера. Вийна кхоъ а, чӏогӏа чевнаш хилла итт а стаг ӏуьллура майданахь. Хетарехь, байъинарш а, чевнаш хилларш а оцу барамехь хилла ца ӏара. Цхьаберш кхузахь базарахь хиллачу йуьртахоша, гергарчара, бевзачара дӏабигнера, йайн чевнаш хилларш шаьш дӏабахнера.
Масех шо хьалха Соьлжа-Гӏаларчу базарахь хӏарра хьал хӏоттийча, йоккха гӏовгӏа йаьккхира демократин зорбано а, белхалоша а. Вуьрхӏитта нохчо а вуьйш, маситтанна чевнаш а йеш цигахь хилла гӏуллакх, малархошна а, уголовникашна а тӏе а теттина, дӏадерзийра ӏедало. И питана динарг ша доллушехь. Ткъа тахана кхузахь хӏара болх бинарш уголовникаш бац, пачхьалкхан эскаран дакъош ду, шайн коьртехь эпсарш а, уггар хьалха хӏара штабс-капитан Ардабьевский а волуш. Хӏинца демократин зорбано йуха а гӏовгӏа йоккхур йу, белхалоша митингаш йийр йу, дерригенна а бехке Ардабьевский вийр ву. Хӏетахь Соьлжа-Гӏалин базарахь вийначу вуьрхӏитта нохчочунна дуьхьал чӏир йоькхуш, Къеди-Юьртан разъездехь пассажирийн цӏерпошт а сацийна, Зеламхас вуьрхӏитта оьрсий вийра. Хьанна хаьа, цо хӏинца хӏун дийр ду а? Ардабьевскийна а ма ца лаьа вала, цуьнан а ма бу доьзал. Ткъа Зеламхин куьг ӏаламат деха а, бекхаме а ду…