Цуьнан Воккхалло императоро халкъан хьашташ кхочушдан, махкахь машар, синтем ларбан хӏокху областан коьрте хӏоттийнчу ас сайн сийлахь декхар лору зуламхошна законехь догӏу нийса а, луьра а таӏзар дарца, и зуламаш орамца бухдаьхна, тӏаьххьара а, гуттаренна а совцор…».
Газета тӏебоьгӏна ши бӏаьрг дӏа а баьккхина, нехан тобанна тӏехула кхарстийра ӏабдис. Наха, вовшашка бист а ца хуьлуш, ладоьгӏура.
Ӏабдис шен ши бӏаьрг йуха а газета тӏе буьйгӏира.
«…Амма зуламхошна дуьхьал къийсам латто некъаш билгалдахарца цхьаьна бахархошка, къаьсттана туземни бахархошка, дӏахаийта лаьа суна: шун хьекъалх, кхетамах, шуьгарчу гӏоьнах доьзна хир ду зуламхошна тӏазаран луьралла а, таӏзарх бахархой ларбар а. Цкъа а кхета шайгахь жимма а хьекъал делахь, хӏинца бахархой кхета беза, шаьш хьацарца, хьанала къахьоьгуш гулдина рицкъа къушна, талорхошна, разбойникашна дӏа а луш, цаьрца цхьана тхов кӏел бехаш а, уьш а, церан зуламаш а къайладохуш а шаьш ӏийча, цкъа а шайн машаре, синтеме, токхе дахар хирг цахиларх. Хьекъалечу, оьздачу, доьналлечу наха халкъан барт бар, низам латтор шайн каралаца деза хан, оцу къуйн, талорхойн, разбойникийн цӏозах халкъ маршадаккха деза хан, махкахь зуламаш совцо деза хан тӏекхаьчна, нагахь санна цкъа а иза кхочур йелахь. Ткъа тахханалц хьанала а, оьзда а халкъ оцу зуламхойн буйнахь ду. Массарна а, ткъа къаьсттана туземни бахархошна, дика хаьа оьрсийн ӏедал туземцан мостагӏ цахилар. Ӏедало лоьру туземцан дин, къоман гӏиллакхаш, пачхьалкхана текхамаш бойтуш ницкъ а ца бо. Ӏедало туземцашкара лоьхург деккъа цхьаъ ду: машаре дахар, хьанала къинхьегам, иштта кхиберш машаре баха а, хьанала къахьега а битар. Оцу тӏехь пачхьалкхан а, ӏедалан а лехамаш, цхьа хьаьрк а галморзахаллаш йоцуш, цхьаьнабогӏу Мухьаммад пайхамаран законийн лехамашца. Къуйшна, разбойникашна луьра таӏзар дар тӏедуьллу Къуръано, ткъа имам Шемала къуьнан куьйгаш, когаш дохура… Уьш дерриг а дика хаьа шуна, хӏетте а шуна йукъара зуламаш лахлуш а, дӏадовлуш а муххале а дац, мелхо а, тӏеттӏа алсамдуьйлу. Шуна йукъахь зуламаш деха, алсамдуьйлу аш къуйн а, талорхойн а гӏо лоцуш хилар, и къуй а, талорхой а, разбойникаш а, ги а боьхкина, аш ловш хилар бахьана долуш. Цундела хӏинццалц схьа администрацин ницкъ ца тоьъна уьш совцо…».