Цигахь Аюб шех дӏакъастийра Зеламхас. Аренца ког дӏа мел баьккхинчохь салтийн, гӏалагӏазкхийн ха лаьттара. Цхьанна атта дара царах ларвала а, кӏелхьарвала а.
Садаьржаш, Шалаже кхаьчча, шена тешамечу стеган хӏусамехь де даккха сецна Зеламха, маьркӏажал тӏаьхьа Соьлжа-Гӏала новкъа велира.
Шерипагӏеран Жамаьлда Шуьйта уллорчу цхьана жимачу йуьртара схьаваьллера. Паччахьан эпсар волу иза, Шелана гонахарчу йартийн пурстоп хӏоттийча, ломара шен доьзал охьа а балийна, Сиржа-Эвлахь ков-керт денйина, цигахь ваха охьахиънера. Амма оьрсийн лаккхара дешар дешна цуьнан кӏентий Деналбек, Назарбек, Заурбек, Майрбек Соьлжа-Гӏалахь бехаш а, балхахь а бара. Жамаьлдин доьзалехь доттагӏ вара Зеламхин – Жамаьлдин жимахволу кӏант Асланбек. И доттагӏалла диъ шо хьалха тасаделлера цаьршиннан. Болатан басахь ӏаьржа месаш, седарчех догу ӏаьржа бӏаьргаш, аьрзун санна, майра хьажар – цӏена нохчочун йуьхь-сибат долчу оцу кӏанте, дуьххьара бӏаьрг ма-кхийтти, безам баханера Зеламхин. Хӏинца Асланбекан шийтта шо дара.
Говр Соьлжехь хьешашкахь а йитина, гӏаш гӏали йукъа вахара Зеламха. Цхьадика, сирла беттаса долуш, урамашкахь ца тилалуш дӏакхечира иза. Цӏенойн ков а, корийн неӏарш а тӏекъевлина дара. Амма корийн неӏарш йуккъехула, херошкахула, ара йуткъа серлонан асанаш гора. Зеламхас шаьш хьалххе билгалйинчу ишарехь кор туьйхира. Ши минот йалале ков а даьстина, Зеламха чоьхьаваьккхира Деналбека. Иза волчохь даим а хьеший лаьттара. Цхьадика, тховса кхузахь цхьа а хьаша вацара, цуьнан ваша Асланбек воцург.
Нохчийн къоман интеллигенцин тоба жима йара, цуьнан векалш куьйгийн пӏелгаш тӏехь а багарлур болуш. Газета тӏехь Вербицкийн кехат дешча, иза шен-шен цӏарах долуш санна, халахеттера хӏоранна а. Халахетта ца ӏара, царах уггар либерале волчунна а даг чу оьгӏазло йоьссинера. Зеламха гучу ма-велли, хиира Деналбекана, иза кхуза хӏунда веана.
Пхьор даъалц, ша деана гӏуллакх Зеламхас а ца дуьйцура, ткъа хӏусамдас а ца хоьттура. Зеламха чувогӏуш, стоьла тӏе чиркх а хӏоттийна книжка йоьшуш волу Асланбек, хьешана мара а иккхина, шен книжка тергал а ца йеш, цунна тӏе а вогӏавелла лаьттара.