Кхузахь деттачу герзаша хьере йина, вукху пхеаммо йетташ карзахйаьхна, мераӏуьргаш а сийсош, терсаш Алкунехьа боьдучу новкъа дӏахахкайеллера говраш. Йисинчу говрашкахь тӏаьхьабевллачу гӏалагӏазкхаша, хала схьалоьцуш, йухайалийра уьш.
Таллархойн ханна отрядан хьалхарчу операцин жамӏаш белхаме хилира. Хьалхарчу дийнахь цхьа гӏалагӏазкхи вийна, кхаанна чевнаш йина. Обаргаша кӏело а йина, тӏелатар дина а ца йинера и чевнаш. Ши рота гергга салтийн гӏалагӏазкхийн бӏон мера кӏел машаречу шина некъахочо йинера. Цӏорхехь, ах бӏе гергга цӏа долчу жимачу кӏотарахь, йалх гӏалагӏазкхи а, итт салти а вийна, берхӏиттанна чевнаш йина. Ткъа отрядо вийнарг кхо разбойник, ши стаг, цхьа зуда, ши бер ду. Вийначу шиннах цхьаъ Дудниковс лоьху Габис вара.
Дудников воьхна а, дарвелла а хьийзара. Кӏотара чохь а, го бина а лаьттачу виъ бӏе гергга салташна а, гӏалагӏазкхашна а йукъара а ваьлла, пхи обарг вахана гӏалагӏазкхийн говрашкахь. Уьш ларъеш волу ши гӏалагӏазкхи а вийна.
Операци Дудниковна эхье чекхйаларх къайллах воккхавера Григорчук. Хӏара разбойникийн дӏаьндаргашна йуккъехула кӏотарахь ведда-хьаьдда лелачу хенахь, шех Наполеон тарвелла, кӏотара йистехь, дитта кӏел хиъна ӏийна Дудников. Сонтачу омранашца геланчаш дӏаса а хьежош.
Цхьанхьара лехна схьавалийначу йуьртдега дитт долчу дӏагулбайтира кӏотарара боьрша нах.
– Зеламха варий сийсара кӏотарахь? – буьрса хаттар дира Дудниковс тобане.
Тобанах схьа а къаьстина, Дудниковна хьалха хӏоьттира йуьртда.
– Вацара. Тхуна хууш, цкъа а хӏокху кӏотарахь а ца хилла иза.
– Делах тешаш вуй хьо?
– Делах тешаш ву со, Дала мукъалахь.
– Ткъа ахь аьшпаш хӏунда буьтту, къена газа?
– Ас аьшпаш ца буьтту. Суна хууш, цкъа а хӏокху кӏотарахь ца хилла Зеламха.
– Иза кест-кеста Габис волчу хьошалгӏа вогӏуш хилар суна ма хаьа ткъа? Кхузахь вехаш волчу хьуна хӏунда ца хаьа? Тӏе, дерриг а хаа дезаш, йуьртда а ма ву хьо.
– Ца хаьа суна. Кхузарчу бахархошна цхьанна а ца хаьа. Зеламха кхуза вогӏуш хилча, цхьанна ца хууш дуьсур дацара.
– Оцу шина цӏеношкара схьа тхуна дуьхьал тӏом бинарш муьлш