Къечу доьзалехь винчу, бераллехь дуккха а халонаш лайначу, къинхьегаман халкъах схьаваьллачу Шаляпинан деган кӏоргехь бовха безам бара оцу гӏараваьллачу декъазчу обарге. Амма цунна цкъа а дага а ца деанера, иза шена гур ву аьлла.
«Хӏан-хӏа, хӏара а дац Вербицкий боху зуд, – ойла йора Зеламхас. – Хӏокхуьнан йуьхь-сибат шатайпа ду. Адамалле йуьхь-сибат, къинхетаме, гӏайгӏане бӏаьргаш, майра хьажар. Къиза, йамарт, стешха стаг иштта ца хуьлу…».
Цаьршиннан хьажар дуьхь-дуьхьал нисделира. Шаляпина корта таӏийра.
– Гӏараваьлла Зеламха, – элира цо, догцӏена велалуш. – Сайна мел ца лаахь а, хьан дог дохо дезар ду сан. Со а вац хьан мостагӏ Вербицкий.
– Хьо мила ву ткъа?
– Ас цӏе йийцарх, со вевзар вац хьуна.
– Хьо эпсар воцийла, хаьа суна. Совдегар, инженер, хьолахо – мила ву хьо?
– Иза а, важа а вац. Со артист ву. Илланча. Шаляпин Федор. Сан паспорт машен тӏехь чамди чохь дисина.
Зеламхас, тӏе а вахана, куьг лецира Шаляпинан. Тӏаккха вертанехьа куьг хьажийра:
– Схьавоьл, охьахаал. Хьайн цӏе йаккхарх, суна хьо вевзар вац, элира ахь. Оцу тӏехь галваьлла хьо, Федор. Суна ца вевза хьо, амма вуьйцу хезна. Соьлжа-Гӏалин набахтехь а, Сибарен ссылкехь а. Дика иллеш олуш нах нислора цигахь. Цара хьо вуьйцуш, ладегӏна ас. Хьо илланчийн паччахь ву, олура цара. Ткъа паспортах дерг аьлча, илланчина а, обаргана а паспорт ца оьшу. Церан гӏуллакхаш ду паспортан метта лелаш. Тхаьш маьрша дисинчу сахьташкахь иллеш, назманаш олу оха. Илланчехь боккха ницкъ бу. Иза эзарнаш тӏемалойн метта ву. Нохчийн халкъан цхьа дийцар ду илланчех лаьцна. Мацах цхьана заманахь, цхьана нуьцкъалчу, къизачу паччахьан, цӏоз санна, дукха эскар деана хилла нохчийн махка. Цо, лаьхкина, лаьмнашка боьхкина хилла нохчий. Амма нохчий, къарбелла, кӏел ца севцца царна. Лаьмнашкара охьа а буьйлуш, тӏелеташ, мостагӏий хӏаллакбеш хилла. Тӏаккха церан паччахьо, шен уггар а тоьлла инарла коьртехь а волуш, эскар хьажийна лаьмнашка. Нохчийн халкъ хӏаллак а дай, цхьа а нохчо дийна цависарна тоьшаллина закъалт дохьуш вола аьлла. Цхьа хан йаьлча, шен эскарца йухавеанчу инарлас, ша нохчийн халкъ дерриг а хӏаллакдина, аьлла паччахье.