Тхуна йуккъехь мостагӏалла кхоьллинарг а ӏедал дара. Хӏинца пхуьйтталгӏа шо долуш цхьа ваша висина сан. Иза а сан новкъа ваьлла. Кхин некъ ма бац цунна. Цӏахь ӏийча, ӏедало йа чӏирхоша вуьйр ву. Сан зуда а, жима йалх бер а ду. Вийначу вешин зуда а, жима кӏант а ду. Лаьмнашкахь цхьанхьара кхечухьа кхелхаш лела уьш. Церан дахар а дац цхьана сахьтана а тешаме. Экханна тӏаьхьа жӏаьлеш санна, царна тӏаьхьа толлуш лела ӏедал. Шина зудчунна а, йалх берана а. Изза бала бу сан накъосташкахь а.
Новкъа ваккха Шаляпин ша машен тӏе вуьгуш, уллохь цхьа а воцчохь, пхьарс лаьцна, сацийра Зеламхас:
– Цундела, Федор, ахь илли олуш тхан дегнаш кӏадделлера алий, тхох ма кхардалахь. Иза цхьаьнгга а ма дийцалахь. Федора илли олуш, Зеламха а, цуьнан накъостий а, дегнаш а кӏадделла, зударех тарбелла хилла бохуш, мостагӏий кхаьрдар бу тхох. Хӏан, хьан некъ дика хуьлда…
Шаляпин, машена хьала а ваьлла, шен метта охьахиира. Шоферо тӏам хьовзийча, шозза-кхузза йиш хаьлла хьоршамаш а тоьхна, ӏаьржа кӏур тесна, йегош болх бан йолайелира машен.
Чӏожахь, некъо голатухучохь, машен къайлайаллалц шайна тӏаьхьахьоьжучу Зеламхе куьйгаш лестадора пассажираша.
Вербицкийн отрядо, масех декъе а йекъайелла, меттигерчу гарнизонашкарчу салтийн гӏоьнца массо а агӏор операци йора, цхьана а дийнахь са ца доӏуш. Церан коьрта ницкъаш Нохчийчоьнан а, Гӏалгӏайчоьнан а лаьмнашка хьовсийнера. Цӏорхехь диннарг дора цара шаьш дӏакхаьчначохь массанхьа а. Обаргаш, къуй, талорхой, герз лоьху шаьш бохуш, цкъа хьалха цӏенойх хьовсу бохуш, бахьана а хӏиттош, бахархойн миска бахамаш талабора салташа а, гӏалагӏазкхаша а, шаьш лоьхурш ца карийча, бехк-гуьнахь а доцу миска нах лоьцура, тӏаьххьара а йерриг йурт йа цхьадолу цӏенош дагадора.
Тутмакхех йуьзнера областера йерриг а набахтеш. Тӏе, лоьцучарна меттиг мукъабаккха, суд йина олий, цхьа бахьана а лелош, хенаш йетташ, Россин къилбаседа губернешка а, Сибрех а дӏахьийсабора бӏеннаш нах а, дийнна доьзалш а.
Зеламха ца уьдура шена тӏаьхьа толлучу таӏзархойх. Мелла а цо жигара баьккхинера ӏедална дуьхьал къийсам.