йеана-те хӏокхунна аьлла, даг чу иккхира Зеламхина. Хорша йеача санна, вегочу цу оьрсичун бӏаьргаш чохь йогуш мостагӏаллин цӏе гича, ша-шах тапчин лаг озаделира Зеламхе. Копытко, гай лаьцна, боьха цӏогӏа а хьаькхна, охьавуьйжира…
Арахь, урамашкахь хьере герзаш дийла дуьйлира. Зеламхас ма аьллера накъосташка, кхераме гӏуллакх хилахь, шаьш топ кхоьссина хаам бийр бу, герзаш а детташ, йухадовла.
– Шадолу ахча схьаэца чехкка! – ши накъост сихвира Зеламхас. – Чехкка гӏалара арадовла деза вай!
Цкъа дагадеара Зеламхина лармаш чохь ахча дуйла хьажа. Амма хӏорш сейфаш чуьра ахча галеш чу а доьхкина, арабовлуш, банкана ха деш хилла масех салти схьакхечира. Кхузахь хиллачух салтий кхетта бовлале, уьш байъиний, чевнаш йиний, охьа а эгийна, араиккхира хӏара кхоъ.
Хӏокху тӏаьххьарчу бӏешарахь цкъа а тоьпан тата ца хезначу, машаречу, жимачу гӏалахь хӏаваъ къардеш, герзаш детта долийча, Зеламха дагавеара меттигерчу гарнизонан начальникна полковникна Меркуровна. Цунна а ма гайтинера Вербицкийс ша Гӏизларера банк йахьа вогӏур ву аьлла, Зеламхас йаздина кехат. Гӏалахь хилларг ца хууш, иза воьхна хьийзаш чувеанчу цхьана эпсаро элира, масех бӏе разбойникца гӏали чу веанчу Зеламхас банк талийна, банкехь ха деш хиллачу салтех байъинарш а, чевнаш хилларш а бу аьлла. Меркуровс сихха орца а аьлла, банке а, Теркан тӏай тӏе а салтийн ши команда а хьажийна, гӏалина уггар гергарчу Александрийски станице орца элира. Тӏаккха кхузахь хилларг дуьйцуш, областан начальнике телеграмма йахьийтира цо.
Меркуровн кхайкхамца, шайн атаман коьртехь а волуш вогӏу ах бӏе гергга гӏалагӏазкхи а, пурстоьпан Вариевн стражникаш а дуьхьал нисбелира, хӏорш гӏали чуьра арабовлуш. Хӏун дара, хаац, говраш хаьхкина богӏу гӏалагӏазкхий а, стражникаш а, хӏокхарна тӏелатар дечу меттана, цхьа а низам доцуш тоьпаш а йетташ, севцира.
– Хьалхатаӏа! Тӏетоха Делан мостагӏашна! – омра дира Зеламхас, шен говрана шед а тухуш.
Зеламхас цхьана куьйга топ, вукху куьйга тапча йеттара дуьхьал а, аьтту, аьрру агӏор а. Говраш марсайаьхна, цунна тӏаьхьахаьхкира накъосташа а. Цара оьрсех тардеш, «вуьррей» бохуш, маьхьарий а хьоькхуш,