Делахь а цо бекхам оьцур бу шен мостагӏех. Уггар хьалха – Андронниковх а, Донагуловх а. И шиъ ламанхо ма ву. Ламанхой хилла а ца ӏа. Лулахой бу. Цхьаъ – гуьржи, важа – суьйли. Оьрсийн паччахьан хьадалчаш, йалхой, лайш. Зеламха лаца йа вен чӏагӏо йина арайаьлла ши хьакха. Амма Зеламхица пхи накъост бен вац. Мостагӏий ши эзар сов бу. Цаьргахь герз ду шортта. Йаккхий тоьпаш, пулеметаш. Говраш, варраш. И хьакхарчий-м йойур йара хӏокху пхеаммо. Ткъа уьш байа герз ма деза хӏокхарна. Кхаьргахь ши топ а, бӏе патарма а бен бац. Зеламхина кхин а пхи топ а, ши эзар патарма а беза…
– Элбарт!
– Вай.
– Суна пхи топ а, ши эзар патарма а беза.
– Стенна?
– И ши эзар хьакха йен.
Элбарт, вист ца хуьлуш, дӏатийра. Важа накъостий набарш кхетта ӏохкура. Элбарт вист ца хуьлуш хьевелча, цунна а наб кхетта-те аьлла, хийтира Зеламхина.
– Элбарт!
– Вай.
– Хьо вистхуьлуш ма вац?
– Ойла йеш ӏара со-м. И герз мичара хир ду вайна?
– Сайна ца хаьа дела, хаьттира ас-м. Шун йарташкахь хир дац-те аьлла. Пхоьазза йолу тоьпаш-м наха лур йац. Муьлхханаш а мегар йара суна. Мокхазан тоьпаш а. Шортта молха а, хӏоьънаш а хилчахьана. Хьо хамхо ву, Элбарт. Хьан тайпанан наха гӏо ца деш вуьтур вац. Гӏой, хьайга хӏун дало, хьажахьа. И Андронников, Донагулов боху ши кхахьпа мичахь ду а, хьажа.
Элбарт, шен гӏовтал а, чоа а тӏе а дуьйхина, пеша тӏехь йакъайала йехкина лоьдгаш къажйина, неӏармачаш чу а йоьхкина, уьш кога а оьзна, лергашна тӏетаӏӏош коьрта кхакханан куй а тиллина, аравелира.
Ши эзар сов мостагӏ ву цунна тӏаьхьаваьлла. Дерриг некъаш дӏакъевлина цара. Амма царна ца девзаш некъаш а ду лаьмнашкахь. Акха гезарий бен ца лелаш. Уьш девзича а, цигахула лелалур бац салтий а, гӏалагӏазкхий а. Зеламха а, цуьнан накъостий а лелало. Уьш ӏамийна халчу дахаро. Хӏокху тӏаьхьарчу итт-цхьайтта шаро. Ткъа Зеламхина пхоьазза йолу пхи топ а, царна ши эзар патарма а оьшу. И ши эзар мостагӏ вен…
Эршта йохо саперашна тӏедиллар оцу буссехьа хиира Зеламхина. Цо Саламбеке хабар туьйхира, и взвод хӏаллакье аьлла. Саламбека, новкъахь кӏело а йина, дуккха а салтий байъира. Поручик Афанасьев а вийра. Амма дукха бу-кх дийна бисина мостагӏий…