– Ткъа суна шина гӏалагӏазкхичуьнга йеттийтина цо! Куьйгаш а, когаш а дехкийтина. Ша тӏе а хӏоьттина. Чӏоггӏа тоха а бохуш. Коьртах, чоьже, чукӏеле тоха а бохуш. Там хилла вела а воьлуш, говрах терсаш. Хӏан-хӏа, Зеламха, и гуьржи ас вуьйр ву. Тӏе, тхан Несара округан начальник волчу цо дукха зударий, бераш делхийна. Важа суьйли, Донагулов, вехьа ахь. Иза а ма вара цуьнца хьан доьзал йийсаре лоцуш. Цуьнца хийцалуш, Бецера а, Зезагера а лем оьцуш а. Цуьнан суьйлаша дукха дог этӏийна хьан доьзалан.
– Дика ду, Азамат. Андронников хьуна вуьту ас.
Тӏаккха, ши бӏаьрг лаьмнашна тӏехула стигала хьала а боьгӏна, даржийна ши куьг доӏина хьалалецира Зеламхас:
– Хӏай Аллахӏ, хара дуьне-ӏалам кхоьллина ницкъ болу тхан Дела! Айхьа кхоьллинчу синошна лаьттахь, хи чохь рицкъа латто къинхетаме, комаьрша Дела! Гӏийлачунна, мискачунна, дедоьхначунна орцахволу Дела! Бохаме, халоне нисвеллачунна собар ло Дела! Хьо воцург кхин Дела цахиларх дог тешначу, Ахь ваийтина Хьан лай Мухьаммад пайхамар бакъвинчу, Ахь декъалбина эвлайааш къобалбинчу, Ахь гайтинчу некъахь тхешан ницкъ ма-кхоччу нисдала гӏертачу тхох къинхетам белахь, тахана тхуна орцахвалалахь! Нагахь тахана тхо харцонна арадевллехь, тхан бӏаьрса бӏарзделахь, тхан куьйгаш лахаделахь, тхан дегнаш чу кхерам тасалахь! Нагахь тхан некъ Ахь къобалбеш белахь, тхан бӏаьрса серладаккхалахь, тхан куьйгаш чӏагӏделахь, тхан дегнашна собар лолахь! Хьан бакъ динан мостагӏаша бӏарздинчу тхуна хӏокху керстанех бекхам эца ницкъ лолахь! Хьо воцург орцахвала да воцуш, гӏо дан накъост воцуш, хӏокху керстанийн ӏедало акхаройн амалшка дерзийна, кӏелхӏотта тхов боцуш, лаьмнашкахула, хьаннашкахула меца, дерзина лелачу тхуна гӏо делахь, хӏай Аллахӏ, тхан ницкъ болу, къинхетаме, комаьрша Дела!..
Тӏай тӏекхьаьчча гӏаш а бевлла, говрийн архаш лаьцна схьабуьйлабелира эпсарш. Массарна а хьалха вогӏура Андронников а, Донагулов а. Цаьршинна тӏаьхьа – полковник Курдиев.
– Курдиевна хӏун до вай? – хаьттира Мохьмада.