Камерах ах лаьттан бухайахана ларма йара. Тӏехула цемент хьаьхна, тӏулгийн стаммий пенаш. Кхо аьрша йеакӏов чоь. Цхьана маьӏӏехь готта, бекъа аьчган маьнга, когаш цементаца цӏенкъа а къевлина. Лакхахь аьчган чӏораш а лаьцна, ангали тӏе модаш лацайелла готта кор. Чиркх бац. Дийнахь-буса цхьа герка ӏаьржа кхаллар а, кхузза чорпа а ло. Чорпа аьлча а, жӏаьло а дуур доцуш, цхьа шатайпа доьша. Иза-м камерах а, набахтин а неӏарш йиллина йитича а, ха дӏадаьккхича а, водур вацара. Тӏаьхьа вада ма ца веанера иза шен лаамехь хӏокху чу. Хӏетте а, стеган коьртан локхалле терра неӏарх даьккхинчу жимачу ӏуьргехула сих-сиха чухьоьжура надзиратель.
Саламбекана моьттура, суд а, кхел а йоцуш, сихха шена тоьпаш тухур йу. Амма хӏара хӏокху тӏулган кошахь латто бутт кхоччуш боллура. Саламбек мел доьналле, собаре велахь а, даим дӏа ладегӏар сингаттаме дара цунна. Хӏетте а, иза дохко ца ваьллера ша йаьккхинчу гӏулчана. Мелхо а, са паргӏатдаьллера цуьнан. Хӏора минотехь лерг сема, бӏаьрг сирла, ӏожалле ладоьгӏуш йаьккхина итт шо хан хала йара. Хӏинца иза паргӏат ву. Хӏун бен ду, кхана велча а, итт, ткъа шо, ах бӏе шо даьлча, велча а. Цуьнан шовзткъе пхи шо ду. Кхин итт, пхийтта шо даьлча, къанлур ву, тӏаккха, цамгарша хьерчош, лийр ву. Ткъа хӏинца иза бахьанехь халкъ хьийзор дац.
Зеламхе сих-сиха олура цо: «Ваьш бахьанехь адамаш а ца хьийзадойтуш, ӏедална тӏе гӏо вай?» Зеламхина ца лаьара. Ӏожаллех кхерар а дацара иза. Оцу итт шарахь мел хала, кхераме киртиг тӏехӏоттарх, цкъа а доьналлех воьхна ца гина цунна Зеламха. Оьрсийн паччахьаша нохчийн халкъ хьийзадо ши бӏе шо ду, бохура цо. Шен да, цуьнан да, масех да дуьнен чу а валале дуьйна схьа. Шена чохь са мел ду, хӏара Делан а, нохчийн халкъан а мостагӏий бойур бу ша, олура. Хӏинца Зеламхина а гатбина нохчийн, гӏалгӏайн мохк. Иза Хӏирийчохь ву. Алагирехь. Инарла Михеевн мера кӏел. Саламбек левеш, хӏора дийнахь хоьтту цуьнга, Зеламха мичахь ву бохуш. Амма Саламбека ца йуьйцу иза волу меттиг. Шаьлтанца асанаш, жижигаш дохуш, ша верича а, йуьйцур йац.
Хӏора дийнахь набахтин цхьана цӏа чу лемана вуьгура Саламбек. Буса гӏаттавой а вуьгура. Рогӏехь, цуьнгара лем оьцуш, ши эпсар