тӏехьехна ца ӏаш, иза йийсаре вало тхуна гӏо дира Котляровскийс.
Эпсар йуха а вусавелира.
– Бехке воцчу оьрсийн эпсарна тӏе харц эладита кхоьллича, айхьа жоп дала дезий, хаьий хьуна? Россин законашца ши шо хан йогӏу хьуна.
– Эладита дац ас дуьйцург, Котляровский обаргехула Умакаев Юнусехула къайлах декъашхо вара тхан.
– Муха?
– Оха Месяцев вуьгуш, тӏаьхьа орца цадоккхург Котляровскийна кхо эзар сом ахча дала дош деллера Зеламхас.
– Шен дош кхочушдирий Зеламхас?
– Дуьззина.
– Месяцев а вигна, важа тавричанаш йийсаре ца буьгуш, хӏунда севцира шу?
– Кхечара шаьш маьрша дуьтург ахча лора тхуна.
– Масала?
– Карпушинера, Нестеренкера хӏорангара а шовзткъе итт эзар, Лойкера, Ковалера хӏорангара а итт эзар соьмаш дехира оха.
– Цара шаьш дохьура шуна ахча?
– Хӏан-хӏа. Царна а, тхуна а йукъалелаш Мамонтов вара.
– Цуьнгара доккхурий аш ахча?
– Хӏан-хӏа. Цунна тӏера а вукху веаммо делира.
– Маца хилира шун и мах?
– Дӏадаханчу ӏай.
Кхин хеттарш а совцийна, цхьана йукъана ойлане вахара эпсар. Дӏадаханчу шарахь дуккха а харц ахча даьржинера областехь. Дуккха а къахьегначул тӏаьхьа лар тавричанашна тӏейоьдуш карийра полицина. Мамонтовх, Кирьяновх, Калмыновх шекйаьллачу полицис, къаьсттана царна тӏаьхьа къайлах таллам беш, уьш йеххачу хенахь чохь севцначу «Империал» отелехь церан цӏийнах хьаьвсира. Номерш чохь кийча харц ахча ца карийра, амма ахча дан кечдина, кепехь хедийна-тодина шовзткъе итт туп кехат карийра. Цул совнаха, Мамонтовгахь карийра Зеламхас а, Саламбека а, шайна ахчанца йасакх ца лахь, шаьш йийсаре а дигна, дойур ду шу бохуш, Карпушине а, Нестеренке а, Лойке а, Ковале а йаздина пхи кехат. Хӏетахь и харц ахча арахеца кечдина шовзткъе итт туп кехат доцург, царна дуьхьал кхин цхьа а тоьшалла ца карийра полицина. Ахча кепатуху цхьа а гӏирсаш а ца карийра. Уьш кхечухьа ларбеш хиллера цара. Ткъа и кехат шаьш отелан номерш схьаэцначу хенахь цхьанна чохь долуш дара, хьалха оцу чохь ӏийначунна дицделла дисина хир ду, иза уьш дӏадахьа вогӏург хир ву аьлла, шаьш лардира бохуш, ца къарбелира. Царна таӏзар дан цхьа а тайна тоьшалла а ца хилла, суьдо маршабехира уьш. Хӏинца хӏара эпсар тийшира