цхьана адамна а. Цхьана ненан, цхьана беран бӏаьргех хин тӏадам ца балийта…
Саламбек суьдан цӏа чу вигира. Изза ха гонаха а хӏоттийна. Суьдахошна йуьстаха, аннийн гӏопастанна тӏехьа, аьндажечу гӏанта тӏе охьахаийра. И чӏагӏо беламе хетара Саламбекана. Цунна лиъча а, вадалур ма вацара иза. Хӏокху цӏийнан цхьа неӏ йу. Полицейскийша а, гӏалагӏазкхаша а ларйеш. Корашкахь – стаммий аьчган чӏораш. Цӏа дуьззина чохь адамаш. Тӏе, куьйгех-когех тоьхна гӏоьмаш. Ша маьрша хилча а, мича гӏур вара иза, хӏокху йуккъера а ваьлла? Вада дага а ма ца догӏу цунна. Инарла Михеевс дош ма делла цунна ирх ца олла, тоьпаш а тоьхна вен. Кхин хӏумма а ца оьшу цунна.
Цхьана агӏор хевшина суьдан председатель а, къаной а бу. Тӏеман нах, эпсарш бу уьш. Вукху агӏор – прокурор. Иза а ву эпсар. Саламбекана хӏоттийнарг шатайпа суд йу. Тӏеман-аренан суд. Инарла Михеевс хӏоттийна.
Цӏа чохь, гӏанташ ца тоьуш, ирахь лаьтта адамаш. Суламбек, Арслан, Хадижат, ӏелаха. Гергарнаш а, йуьртахой а. Саламбекана ца бевза гӏалгӏай а. Суьдо Саламбек маршаваккхаре дог дохуш баьхкина. Иза дийна вуьсург хиларх дог диллина, тӏаьххьара ган баьхкинарш а хир бу.
Прокуроро къамел до, Саламбек бехке веш. Саламбек дика кхета цо дуьйцучух. Зеламхас ша а, цуьнан тобано а динчу талорашна, йийсаре бигна а, байъина а нах хьийзорна, кхечу а зуламашна хӏара бехке во прокуроро. Тӏаккха тешаш лебан болабо. Масех шо хьалха Саламбека талийна некъахой а. Уьш ца бевза цунна. Тӏаккха Месяцев Архип чувалаво. Цо тоьшалла до, ша Зеламхас йийсаре вуьгуш, цуьнца Саламбек вара аьлла. Цунна тӏаьххье лебира Гӏизларан банках белхалой. Зеламхин тобано банк талош, Саламбека ши салти вийра аьлла, тоьшалла дира цара. Тешех шиъ вевзира Саламбекана. Векъана, бӏаьргех куьзганаш долу, газанчух тера маж йолу лоха оьрси а, хӏетахь, ӏадийна, мохь хьекхна йерстина меташка а.
Шина дийнахь лебира тешаш. Царах дукхахберш ца бевзара Саламбекана. Йа царна иза а. Амма цара тоьшалла дора, хӏара ца хиллачохь а хилла бохуш. Кхоалгӏачу дийнахь прокуроро, тӏаьххьара къамел деш, суьде дийхира Саламбекана ирхъуллуш вен кхел йар.
Цецваьлла Саламбек ша хиъна ӏачуьра хьалаиккхира, гӏоьмийн