кхетам болчу, ийман долчу, оьздачу нехан сий-пусар хир дац. Шайна цхьа пайда ца хилча, Делан дуьхьа, мелан дуьхьа вовшашна гӏодийраш хир бац. Боьрша нах шайн зударийн когаш кӏел хир бу, бераш шайн дай-наношна дуьхьалдевр ду. Боьхачу, оьздабоцчу, йамартчу, стешхачу нехан халкъана йукъахь сий хир ду. Далла ӏамал дӏа а тесна, адамаш синкъерамашка, иллешка, эшаршка, пондаршка, жиргӏанашка доьрзур ду. Делан дош а дицдина, эхарт а дицдина, адамаш дуьненна тӏаьхьадевр ду, масех гӏатт долуш цӏенош дийр ду, царна чохь Далла ӏамал йийр йац, синкъерамашка гулбелла, пондарш, эшарш лоькхур йу. Кегийрхошна шайн дай, къенанаш сонта хетар бу, церан сий-пусар хир дац. Тешаме, догцӏена, ийманехь адамаш кӏезиг хир ду, иштта адам цхьана йуьртахь, цхьана шахьарахь ду аьлла хезча, адамаш цецдийр ду. Питанаш, адамаш дайар, мостагӏаллаш алсамдевр ду. Боьршачу нахана тӏехь чилланан духарш, куьйгех а, багахь а деши лелор ду. Делах ца тешачу Даджалан тобанах наха халкъ тиларчу дуьгур ду. Делан йозанаш, ӏалайсалам, пайхамаран суннаш дицдийр ду. Ӏедал ийман доцчу, хьекъал а, кхетам а боцчу, йамартчу, къизачу адамийн карахь хир ду, бакъдерг олуш а, бакъонехьа а, нийсонехьа а къуьйсу нах цара хӏаллакбийр бу. Кегийрхой ӏеса хир бу, цара къилахь мел дерг, хьарам мел дерг, боьха мел дерг лелор ду. Адамашна йукъара барт бухур бу, безам-марзо дӏайер йу. Делан некъа тӏера дӏабевллачу нехан сий хир ду. Оцу наха Делах тешаш, Делах кхоьруш, ийманехь болу нах эсах девлла адамаш лорур ду. Зударша шайн коьртара месаш бес-бесарчу куьце йохур йу, церан духарш чекх са а гуш, догӏмашна тӏелетта, эхье меженаш гуш хир ду. Майранаш а, зударий а вовшашца хьарам, йамарт, даррехь зина лелош хир бу. Адамаш хьекъалечу нахах дагадийр дац, хьекъал доцчу, оьзда боцчу, ийманехь боцчу нахе ладугӏуш, царна тӏаьхьахӏуьттур ду. Исламан а, Къуръанан а цӏе йовр йу, цара хьоьхург дицдийр ду. Далла ӏамал йар эхье гӏуллакх лорур ду…
Лерина ладоьгӏучу нахана йуккъехь цхьаццанхьа белхар хезара. Овхьадана уллорчу цхьаммо, велхаран къурдаш а деш, мара ийзабора.
– ӏалайсалам, вайн пайхамара кхойтта бӏе шо хьалха йийцина и билгалонаш гучуйуьйлу вайна