дара йухабовла. Хьалхарчу сохьтехь царах маситта вийнера. Йайъина а, чевнаш хилла а ӏохкура говраш а. Шийтта дегӏастанхочух итт велла ӏуьллура. Дийна висина шиъ чевнаш хилла вара.
Шайна дуьхьалдетта герзаш севцча, Гацагӏеран Бетарсолта а, Анагӏеран Жамаьлда а тӏе а кхайкхина, цаьрца некъа тӏе чувоьссира Зеламха.
Кхузахь белла ӏохкура дегӏастанхойн дошлой, виъ салти, кхиберш а. Тӏамарш йаржийна аркъал а, бертал а, набарш кхетча санна, кӏегар хевшина а, чевнаш хилла меженаш куьйгашца схьалецна йуьхьарбахана а. Хӏокху кхааммо, цхьацца тӏе а воьдуш, йаххьаш къилбехьа йерзош, меженаш нисйеш, бӏаьргийн негӏарш тӏе а къуьйлуш, моггӏара аркъал охьабехкира суьйлий. Тӏаккха йаххьаш тӏе церан шайн башлакхаш а тийсина, доӏа дира.
– Дала гечдойла шуна. Дала къинхетам бойла шух. Ламанхой, лулахой, тхан бусалба вежарий дара шу, дуьненан хьоло ӏехийна, сутаралло тхуна дуьхьалдаьхна. Дала къастор ду вайх бакъ а, харц а мила хилла.
Пешхон дакъа тергал ца деш дитира цара.
Тӏаккха кхечу беллачаьрга а, чевнаш хиллачаьрга а хьаьвсира уьш. Белла ӏохкура ротмистр Долидзе, виъ салти, статс-секретарь Войтченко, инженер Орловский, некъийн мастер, некъийн контролер. Чевнаш хилла ӏохкура вахмистр Магомаев, некъийн мастер, ши ямщик, подполковник Чикалин, суьйлийн дошло.
Хӏораннан чевнашка хьаьжира Зеламха.
– Шун чевнаш кхераме йац. Лоьро дӏайихкича, сихха йоьрзур йу. Цхьа сахьт далале орца кхочур ду шуна тӏе. Хӏетталц сатоха.
Тӏаккха пхьаьрсах чов хиллачу, сира маж, дехий, даккхий мекхаш долуш, кхузткъа шарал лакхара хан хила тамехь оьрсичунна тӏехӏоьттира Зеламха. Оьрсичун белшаш тӏехь цхьа шатайпа погонаш йара.
– Хӏара мила ву? – хаьттира цо дархошка.
Цхьа а вист ца хилира.
– Хӏара оьрси мила ву, хоьтту ас шуьга? – аз айдира Зеламхас.
Цхьа а вист ца хилира.
– Тхан накъост шайн кара нисвелча, аш, йетташ, меженаш кегйеш, йагош, хьийзаво, накъостий бийца бохуш. Оха иза ца до. Тхо чаьлтачаш дац. Оха гӏорасиз стаг, карахь герз доцу стаг ца хьийзаво. Хӏунда ца дуьйцу аш хӏара оьрси мила ву?
Вахмистр Магомаев, лазаршна цергаш тӏеттӏа а къуьйлуш, куьг лаьттах а гӏортийна, охьахиира:
– Оьзда къонах, йахь йолу