а цуьнца долчу, цунах къаьстича тоха са доцчу Дешина ца лаьара иза цига вахийта. Амма эшамо тӏейерзийра.
Тӏаккха хилира Деши кхийринарг. Оцу агӏорхьара хир бу, ца моьттура цунна бохам. Ведана-гӏопан набахтехь Соип волуш, оцу цхьана баттахь хиллачунна тӏе а къанйелира Деши. Корта, ло санна, кӏайбелира. Букъ сеттина, букархьаьвзира. Хебаршка ихна йуьхь жӏормаках тарйелира. Ирх ца оллахь а, Сибрех вохуьйтур ма вара иза. Шен да санна, цигахь доьза вовр ма вара иза. Тӏаккха тӏаьххьара кӏур бовр ма бара Болатан. Дешис ша а хӏун дийр дара? Къаналла ма йара тӏегӏерташ, борз санна. Тӏаккха иза хьанна тӏетевжар йара, цамгаро лаьцна, кӏелйисча, иза хьан кхобур йара, йелча, хьан дӏайуллур йара, цуьнан кошан барза тӏе мила хӏуттур вара…
Дала ца хилийтира иза. Дала орцахваьккхира Зеламха. Цо, салтийн буйнара а ваьккхина, схьавелира цунна Соип. Гена лаьмнашкахь, жимачу кӏотарахь цӏа а тардира. Газа-уьстагӏ, бежана нисдира. Соипана зуда а йалийра. Масех шо даьлча, ӏедална Соип вицвелча, шайн йуьрта цӏа дирзира. Хӏинца и шиъ цхьа дацара. Соипан зуда а, ши кӏант а дара. Овхьада белхеш вовшахтухуш, керт-ков меттахӏоттийра цхьана йоццачу хенахь.
Дешина ша ирсе хетара.
Муха ца хета, цхьаъ бен воцчу кӏентан ши кӏант хилча! Цуьнан Болатан тӏаьхье хилча. И шиъ хилла а ӏийр ма дац. Кхин а хир ду бераш. Йоьӏарий а, кӏентий а. Деши къанйелча, цунна гонаха хьийза. Цуьнан дола дан. Цуьнан дог эца, дог дело.
Дешина ша ирсе хетара оцу масех шарахь. Ирсе йара иза. Амма цхьа бутт хьалха йуха а дуьне кхоьлира цунна.
Оцу деношкахь даим кхоьлина гора цунна Соип. Кертахь цхьа болх болош, чекх ца боккхуш, дӏатосуш. Эххар а цхьана суьйранна къамел хилира цаьршиннан.
– Нана, Зеламхех дӏакхета сацам хилла сан.
Деши йуьхьанца ца кхийтира цо аьллачух. Иза хаттаре кӏанте хьоьжура.
– Со Ведана набахтехь волуш, айхьа лайна баланаш, со Соьлжа-Гӏала дӏавуьгуш, хьайн дог эккхаза дисинера бохуш, дуьйцу ахь сих-сиха. Хӏетахь Аюба а, Абубакара а салташкара схьа ца ваьккхинехь, со вийна хир вара йа Сибрехь доьза вайна хир вара. Оцу дийнахь со кӏелхьарваккха ӏожаллина дуьхьал хӏоьттира и шиъ. Тӏаккха гена лаьмнашка дӏавигира. Суна цӏа-цӏе а