валале салташна тӏеӏоттавелира иза. Тӏедачу лаьтта охьабийша ца лууш, тоьпаш хьалха а хьажийна, голаш тӏе лахбелла ӏара уьш.
Зеламхех лаьцна дуккха а легендаш йара, Россехь-м хьовха, генна дозанал арахьа а лелаш. Цуьнан майралла а, доьналла а цхьанна къайле а йацара. Цунна тоьхча, топ а, тур-шаьлта а ца лета. Мел чӏогӏачу, боккхачу гонна йукъахьовзийча а, жин санна, цхьанна а ца гуш, салташна йукъахула чекхволий, дӏавоьду. Хьажарца цо адамийн эс, бӏаьрса дӏаоьцу, лелачуьра цӏий сацадо, меженаш лахайо. Иза, олхазаран суьрта а воьрзий, тӏома волу, шена луъучу экхан суьрте воьрзий, хьаннашкахула кхерста йа цӏерачу хьайбанийн суьрта воьрзий, йарташкахула лела бохуш.
Оцу легендах чӏогӏа тешара бодане салтий. Топ карахь, борз санна, Зеламха цӏеххьана шайна хьалха хӏоьттича, кхерабелла, тӏехьа хьовса а ца баьхьаш, вовшашца хьалхабовла къуьйсуш, дӏабевдира уьш. Зеламхина хаьара, кхечу агӏор дӏагӏоьртича, цигахь кӏелонехь кхин салтий хир буйла. Цара хӏун дер а, ца хаьа, хӏокху кхерабеллачу салташца цхьаьна кху меттигана генаваьлча., тоьла шена аьлла, царна йукъа а ийна, хьалха дӏаведира иза. Кхерабелла салтий совцо гӏерташ, царна дуьхьал а ваьлла, мохь хьоькхура поручика Епифановс. Цуьнан белшаш тӏерачу погонах хиира Зеламхина иза эпсар а, оцу салтийн командир а хилар. Шен болар ца лагӏдеш, дага тӏе а лаьцна, топ тоьхна иза а, кхин цхьа салти а вожийра цо. Шайн эпсар вийча, цхьацца агӏор дӏаса а баьржина, Зеламхина некъ маьрша битира салташа.
Царах кӏелхьарваьлла Зеламха, кхечу кӏелонна тӏенисвелира. Цигара схьа маьхьарий хьоькхуш, тоьпаш йетта боьлча, хиира цунна уьш суьйлийн дошлой хилар. Салташна-м цаваьллачу денна бен ца тухура цо. Уьш шайн лаамехь ца лелара цунна тӏаьхьатоллуш. Уьш нуьцкъах балийнера кхуза, ткъа суьйлийн дошлой шайн лаамехь баьхкина. Зеламха ца ӏевелира царна тӏе ца тухуш. Церан маьхьарий хезча, йуккъе мосазза а топ туьйхира цо.
Салташкара-м, цара цкъа топ кхоьссина а, новкъарло ца хилира цунна. Амма суьйлаша тоьхначу тоьпийн дӏаьндаргаша, цхьа а дегӏах ца хьакхалуш, чоин тӏемаш а, пхьуьйшаш а, цаца санна, динера цуьнан. Ша-м зен-зулам ца хуьлуш,