барт туьйхира Морганияна. Зеламха ткъа обаргаца цигахь хилла оцу буса. Ткъа шен карахь боккхачу барамехь агентура йолчу Морганияна ца хиъна Зеламхица и разбойникаш хилар. Зеламхина тӏаьхьа а ваьлла, важа ткъа разбойник кӏелхьарвалийтина. Кхо рота салташна а, ши сотни гӏалагӏазкхашна а, йалхитта суьйлийн дошлошна а йуккъера а бевлла бахана. Цхьана разбойникан дегӏа тӏера атталла мерцхалг а ца долуш. Зеламхас ша цхьаммо вийна поручик Епифанов а, цхьа салти а.
И Соьлжа разбойникийн бен лоруш йу Ермоловн заманахь дуьйна. И санна, оьрсийн тӏеман чӏагӏонашна уллохь, йаккхийчу тоьпийн биргӏанашна кӏел лаьттачу нохчийн йартех машаре йарташ олура цу заманахь. Машаре йара, оьрсийн эскаршна герзаца дуьхьало йан ницкъ бацарна. Царна уллохь, гӏаьпнашкахь, эскарийн гарнизонаш, оцу йарташна тӏе ниша а лаьцна, йаккхий тоьпаш лаьттара. Тӏе, уьш йуккъе а къовлуш, гӏалагӏазкхийн станицаш йехкинера. Амма оцу йарташа ницкъ ма-кхоччу гӏо дора колонизаторшна дуьхьал тӏом бечу шайн халкъана. Кхузара бӏаьхой боьлхура нохчийн эскаре, нохчийн дуккха а разведчикаш кхузарчу йарташкара хуьлура. Цаьргахула барт а бой, нохчашкахьа уьдура оьрсийн салтий. И дерриг хууш, оьрсийн командованис хьийзайора кхузара йарташ. Вукху агӏор, Шемала а хьийзайора уьш, оьрсашца машар хӏунда бу шун, царна дуьхьал хӏунда ца гӏовтту шу бохуш. Тӏеман иттаннаш шерашкахь, олуш ма-хиллара, шина цӏарна йуккъехь лаьттира и йарташ.
Соьлжана луьра таӏзар дар Морганияна тӏедуьллуш, леррина омра даьккхира Михеевс. Цунах кхачам а ца хилла, ша веара иза Соьлже. Делкъан хенахь ша кхуза кхаьчча, йуьртан маьждиган майдана гулбелла бахархой карийра цунна. Къена а, къона а. Зударий а цхьаьна гулбинера. Полковнико хьалххе гӏайгӏа бинера оцу гӏуллакхан. Делан таӏзарна санна, шийла, цӏемза де дара тахана. Берриг а ирахь лаьттара. Тӏедоьлхучу догӏанна кӏел. Къена нах – хьалха. Къонанаш – тӏехьа. Зударий цхьана агӏор, тӏеттӏа а таьӏна.
Михеевна тӏехӏотта, беа бӏогӏамна тӏе аннаш а тоьхна, чардакх кечдинера. Къена вацахь а, Морганияс пхьарс лаьцна хьалаваьккхира инарла. Цунна тӏе четар лаьцна, ша улло дӏахӏоьттира. Чардакхна хьалха