Хьалагӏатта, луьйш-олуш, некъ бацбеш, цхьаьний дӏагӏор вайша.
Зуда, йист ца хуьлуш, хьалагӏеттира.
– Хьо мичара йогӏу? – хаьттира Овхьада цуьнга, тахана шена Веданахь гинарг билггала иза йуй-те хаа лиъна.
– Веданара йогӏу со.
– Лаа йаханерий хьо цига?
– Цигахь набахтехь кӏант вара сан. Тахана Соьлжа-Гӏала дӏавиги иза…
Зудчун аз дегийра. Хеттарш ца деш, масех минот йалийтира Овхьада. Цхьадика, хӏара суьйре йекхна йеана, беттаса а кхетта, новкъахь ког билла хатт кӏезиг болуш меттигаш гора. Шиний агӏор лаьтта лекха, йуькъа хьун дӏатийнера.
– Хьо мичара йу? – эххар а хаьттира Овхьада.
– Гати-Юьртара.
– Цигара хьенан, мила йу хьо?
– Сан да вевзар вац хьуна. Ткъа шо хьалха дӏакхелхина иза. Халид йара цуьнан цӏе.
Овхьадана дагавогӏу Халид. Къен-миска, оьзда, доьналле къонах. Цуьнан йоӏ йара Деши.
– Цӏе хӏун йу хьан?
– Деши.
Деши… Овхьадан дуьххьарлера а, тӏаьххьара а цӏена, боккха безам. Тӏаьхьа цуьнан уггар тешамечу, майрачу, оьздачу доттагӏчун, бӏаьхаллин накъостан Болатан зуда. Болате маре йаханчул тӏаьхьа Овхьада шен нус, йиша лийрина Деши…
Ткъе ворхӏ шо хьалхалерчу вастех а, сибатех а лар ца йисина хӏинца цунна улло йаьлла, халла гӏулчаш йохуш йогӏучу зудчун. Деши ши шо жима йара Овхьадал. Хебарша аьхна оза, йеха йуьхь. Ло санна, кӏайн гиччош. Букархьаьвзина букъ. Хьех чукхетта, кхоьлина, гӏайгӏане бӏаьргаш. Йишхаьлла, гӏоргӏа аз. Хӏун баланаш, бохамаш бу-те хӏара хеназа къанйинарш? Болат лаьцна, Сибрех вахийтар-м хаьара Овхьадана. Цигара цӏа ца вирзина-те иза? Кӏант лаьцна. Болат дийна хилча, хӏара Деши Веданахула кӏантана тӏаьхьайаьлла лелара ма йацара…
Хьалха воьду Овхьад, саца а сецна, Дешина тӏевирзира:
– Со вевзар варий хьуна, Деши?
Деши леррина цуьнан йуьхь-дуьхьал хьаьжира.
– Ца вевза суна.
– Овхьад ву со, Хортӏин кӏант.
Йуха а цкъа леррина хьаьжча, оцу стеган йуьхь-сибаташ, лер а Овхьадачух тера хийтира Дешина. Тӏаккха шен карара гӏаж охьа а тесна, мара а кхетта, Овхьадан некха тӏе корта а таӏийна, са уьйзуш, шен дог ӏаббалц йилхира иза. Дешин озачу букъах дай куьг а хьоькхуш, цунна маслаӏат дан гӏертара Овхьад. Амма Дешина ца хезара цо дуьйцучух цхьа а дош. Тӏаккха Овхьад ша а