Караловс жоп ца луш витира Моргания.
Шашканаш лахара хьала кхийсира, амма уьш, хьехан бертигах а йетталуш, лелхара. Тӏаккха ломан дукъа тӏера шершаш, тӏулгаш лоьцуш, кхийзалуш, хьехана герга охьа а веана, шашканаш хьеха чу кхийса гӏоьртира ши сапер. Цунах а гӏуллакх ца хилира. Царах догдиллинчу Караловс, цуьнгара хуьлуш пайда бацахь а, Зеламхин сагатдар хир ду-кх аьлла, хьеха тӏе йоккха топ йетта аьлла, омра дира. Хулхулон тогӏи а, гондӏара лаьмнаш а декош, маьркӏажан бода боллалц йоккха топ йиттира хьеха тӏе.
Бода боьлча, салташна садаӏа пурба делира Караловс. Уьш шелбеллера. Хьехана гонах а, тогӏи чохь а цӏерш а латийна, хийцалуш ха а деш, садаӏа севцира. Амма Караловн синтем байнера. Даго цхьа вониг хьоьхура цунна. Цо, дозаллаш деш, хабарш ма дийцинера Соьлжа-Гӏалахь. Зеламха шен кисанахь ву бохуш. Лаьцначу йа вийначу Зеламхин суьрташ даха фотографш а баьхкина. Нагахь санна Зеламха хьехара дӏагӏахь, доккха эхь ду Караловна. Бакъду, кхузахь шеца кхоъ полковник хиларо жимма маслаӏат до цунна. Къаьсттана Моргания кхузахь хиларо. Коьрта жоьпалла цунна тӏехь ма ду. Михеевс, шен векал вина, ваийтинчу…
Хулхулон тогӏи чохь лелориг дерриг а гора Зеламхина. Йоккхачу тоьпаца гӏалагӏазкхийн керла бӏо схьакхочуш а гира. Царна тӏаьххье кхуза кхаьчна полковник Моргания а вевзира. Тӏаккха хьеха тӏе а йерзош, йоккха топ дӏахӏоттош а хьийжира. Шен ши йуьртахо хьеха хьалахьажош а гира. Цигахь дуьйцург ца хезара, лелораш гора.
Караловс бахкийтина векалш дӏа а хьовсийна, тӏулгаш дӏа а дохуш, ша даьккхинчу шина корехула дӏа тогӏи чу хьежа хӏоьттира Зеламха. Дуьххьара детта йоккха тоьпан хӏоьънаш хьехан бертигна лакха, лаха, шинне агӏор бердех детталуш, йуханехьа кхийсалора. Зеламха ша хӏоьттина лаьттачуьра меттах а ца волура. Цунна кхераме йацара йоккха топ. Уьш маситта эзар хилча а. Хьехан хьалхарчу бертигах чоьхьаваьлча, аьтту агӏор масех гӏулч йеха, готта сени йара. Тӏаккха иза аьтту агӏор чухьаьвзара. Схьатоьхна хӏоъ, оцу сени чухула хьийзаш ца беача, хьеха чу кхетийла дацара. Арахьара тӏулган пен а бара ши-кхо аьрша стомма. Иза хӏоьънашка аталур бу бохург хьехочохь а дацара.