– Йа Аллахӏ, хӏай веза, сийлахь, къинхетаме Дела, – доьхура Зеламхас шен доӏанехь. – Нагахь Хьо резавоцург ас дагалацахь, оцу тӏера сан ойла йохаелахь, сан куьйгаш, когаш йухаозалахь. Нагахь ас бакъонца дерг, Хьо реза верг дагалацахь, иза кхочушдан суна ницкъ лолахь, сан дог, куьг чӏагӏделахь, бӏаьрг серлабаккхалахь. Йа Аллахӏ, хӏай ницкъ болу, комаьрша Дела, йамартлонах, тешнабехках, йуьхьӏаьржонах ларвелахь со, сан ӏожалла ийманехь йелахь. Харцонашца къуьйсуш, лаамца а, лаамаза а ас леточу къиношна суна гечделахь. Йа Аллах, хӏай къинхетаме Дела, ас дӏакхоьхьучу хӏокху декъазчу новкъа волучух, хӏокху харцдуьненахь токхучу а, ловчу а ӏазапах, халонех, баланех ларвелахь бусалба а, керста а. Со бахьана долуш махкахдаьхна адамаш могаш-маьрша цӏа дерзаделахь, адамашна хилла зенаш беркате меттахӏиттаделахь. Беллачарна гечделахь, уьш декъалбелахь, йа Аллахӏ, хӏай тхан сийлахь, воккха, комаьрша, къинхетаме Дела…
Мисканна дика хаьара мацца а цкъа, цхьана дийнахь йа буса, цхьаьннан йамартчу матто шена тешнабехк бийр буйла. Амма ца хаьара, и йамартхо ша тешаш волу стаг хир вуйла. Мискачу нахера ӏедало дӏадаьккхина берхӏитта бӏе туьмий, кхо бӏе десятина латтий схьа а эцна, цомгаш, кӏелвисина ӏуьллучу шена тӏе ӏедалан йолахой балор буйла а, хӏинца санна, доӏина куьйгаш лаьцна, Далла дуьхьалхӏоьттина ӏаччохь, йамартлонца шена тӏехьашхула, букъах топ тухур йуйла а…
Эрна дара оцу мисканан доӏанаш…
Хӏокху минотехь Зеламхина ца хаьара генарчу Минусинскехь шен жима Ахьмад а, Солтамурдан Лом-ӏела а велла, Беци а, Зезаг а, диъ бер мара а къуьйлуш, бӏарзйелла хьийзаш хилар…
Буритӏахь набахтехь бархӏ баттахь латтийча, цхьана дийнахь ӏуьйранна шайн кӏезигчу сал-палца станце а бигна, корашна аьчган чӏораш лаьцначу шатайпачу вагон тӏе хьалабехира Бецигӏар.
Вагонах масех купе йара, неӏаршна догӏанаш а тухуш. Сени чохь, сих-сиха хийцалуш, хадеш салтий хуьлура. Вагонах цхьана йистерчу купе чохь гаттехь тӏекӏел дӏатарбина Беци, Зезаг, йалх бер, неӏарна догӏа а ца тухуш, маьрша битинера. Кхечу купеш чуьра тутмакхаш гора царна, салташа уьш нишка буьгуш.