Зезаг кхача кечбан тохайелира, амма Валентинас сацийра иза:
– Сан ӏойла дац, Зезаг! Сихха дӏайаха деза сан.
– И хӏун ду? Дера, гӏур йац, буьйса а ца йоккхуш-м! Оццул генара схьа а йеана, буьйса ца йоккхуш, дӏа муха йоьду? Тӏе, буьйса йуккъе а ма йахана.
– Сатасале Минусинскехь хила йеза со.
– И хӏун ду?
– Жандармерера бакъо йоцуш, гӏалара арайалар дихкина суна. Ткъа ас йехча, цара иза лур а йацара. Лечкъина йеана со. Ца гора шуна суна тӏера божарийн духар?
– Тхо-м цецдевллера хьох. Ахь лелийнарг забар йу, моьттура.
– Хӏан-хӏа. Жандармаш, полицейскийш тӏекхаьчча, царна со ца йовзийта динера ас иза. Тӏекхаьчча, йухайерзор йара. Иза дина ца ӏен а мегара. Набахти чу кхосса а тарлора.
– Ой, хьо муха гӏур йу буьйсанна йуккъехь?
– Арахь соьга хьоьжуш лаьтташ извозчик ву говрийн салазца.
– Довхха чай мукъа мала новкъа йалале.
– Чай мала мегар ду. Кхин хӏумма а вовшахйетта пурба дац шуна.
Сихха цхьа стака чай а мелла, массарна мара а кхетта, барташ баьхна, шен маж йуьхьа тӏе а йоьллина, коьрта куй тиллина, тӏе кетар йуьйхира цо.
– Валя, Дала сагӏадойла хьан ахь тхуна деана совгӏаташ. Хьо могаш-маьрша сихха хьайн дена-нанна тӏе цӏа йерзийта, – элира Бецис, иза тӏаьххьара мара а къевлина.
– Суна лиъначуьнга хьаьжча, ма кӏезиг совгӏаташ ду уьш, Беци.
Тӏаьххьара минот хало хилира Валентинина. Охьахьалха шен бӏаьргаш чу гулделла хиш царна ца гайта, сихха араелира иза…
Валентина новкъа а йаьккхина, цӏа чу дирзича, леррина шайн совгӏаташка хьаьвсира уьш. Тӏаккха, буьйса йаьллехь а, Мохьмад а, ӏумар-ӏела а гӏаттийна, чай мала охьахевшира.
– Тамашийна ду адамаш, – элира Бецис, шаьш йуха охьадийша кечлуш.
– Хӏунда боху ахь? – хаьттира Зезага.
– Хӏара оьрсий вешан мостагӏий лору вай. Вешан бохамашна уьш берриг бехкебо. Къаьсттана – гӏалагӏазкхий. Вай йийсаре леццалц суна а моьттура. Ткъа хӏорш дукхахберш дика адамаш хилла. Догцӏена, къинхетаме, комаьрша. Вай лецна Буритӏа дуьгуш, Сипсу-гӏалахула чекхдовлуш, гӏалагӏазкхийн зударша, вайна ха дечу дегӏастанхойн дошлойн бертаза, вай тӏехь долчу гӏудалкха чу вайна бепигаш, булочкаш, нехча, стоьмаш кхуьйсура. Цхьаберш, вайга а хьуьйсуш, боьлхура. Хӏинца кхузахь а массо агӏор вайна гӏо дан, вайн дог эца гӏерта. И Валя гой хьуна? Ӏедалера шена кхерам боллушехь, буса, генара, вай ган схьайеана…