Доллучул а царна бала бинарг кхин дара. Иза мичахь дӏаволла веза цахаар. Бусалба стаг керстанийн кешнашка дӏаволла ца магадой, хаьара цаьршинна. Кхузахь бусалбанийн кешнаш дац. Керстанийн кешнашка дӏаволлар хьехочохь а дацара. Цхьанхьа къастийна каш а даьккхина, дӏавоьллича, иза эрна арахь, хьуьнхахь дӏакхоьссича санна, хетар дара, шаьш дуьненахь йоккхучу йерриг а хенахь кийрахь бала хир бара.
Шина зудчо шайгара бала балхийра Николай Трофимовиче. Иза сихха кхийтира цаьршиннах.
– Луларчу йуьртахь дукха хенахь дуьйна бехаш гӏезалойн ах бӏе гергга доьзал бу. Шайн белларш дӏабухкуш къаьстана кешнаш а ду церан. Велларг дӏаволла молла воцуш а хир бац уьш. Суна дика бевза цигара гӏезалой. Шинца доттагӏалла а ду сан. Нагахь санна шуьшиъ реза йелахь, царах цхьа-шиъ схьа а валийна, Ахьмад цига дӏа а вигна, церан кешнашка дӏавуллур ву вай.
Реза муха ца хуьлу? Николай Трофимовича ах бала дӏаийцира цаьршингара.
Сихха шина говран салазахь вахана, цхьана сохьтехь ши гӏезало а валош йухавеара Николай Трофимович. Царех цхьаъ цигарчу гӏезалойн молла вара. Ахьмад дӏавуьгуш, Зезаг а йахара цаьрца, кӏант мича, муха дӏавуллу, хаа лаьара шина зудчунна. Цул совнаха, тӏаьхьа цуьнан кошан борза тӏехӏитта ойла а йара церан.
Дукха хан йалале дӏакхелхина Лом-ӏела а иштта дӏавоьллира оцу гӏезалоша.
Шен ойла ца йора Бецис. Цуьнан-м хӏинца а ши кӏант, ши йоӏ дара. Царах хиндерг ца хаахь а. И цхьа кӏант бен, кхин бер ма дацара Зезаган. Лом-ӏелин цхьа шо а кхачале, къона йолуш жоьра йисинчу цо Бецигӏаьрца цхьаьна йерриг халонаш ма лайнера хӏокху тӏаьхьарчу шийтта шарахь. Лом-ӏела веллачул тӏаьхьа шен диъ бер хьаста-м хьовха, цаьрга йелайелла йистхила а, дӏахьажа а эхь хетара Бецина.
…Лом-ӏела дӏакхелхина, Беци а, Зезаг а гӏайгӏано дӏалаьцначу деношкахь дара ӏела волчу Зеламха веача. Мухха делахь а, цхьа бӏаьргана гуш боцчу ницкъо, ӏаламан къайлено Зеламхин дагах тоьхнера генарчу Сибрехь цуьнан доьзална хилла бохам…