– Нийса боху ахь. Хӏинца Зеламхас а шен гӏеранца кхерамна кӏел латтабо нохчий. Иза вен а, ӏедале схьавала а ца баьхьа.
– Хӏах-хӏа, Зеламхех кхоьруш ца ӏа нохчий, иза новкъара ца воккхуш. Шайгахь ӏазап латточу оьрсийн паччахьна, оьрсийн ӏедална иза дуьхьал хиларна вуьту. Витина ца ӏа, цунна гӏо до, иза ларво. Халкъ Зеламхехьа ду. Хӏун йу Нохчийчоь? Ши бӏе шовзткъе итт эзар аьрзонан бен бу иза! Вайн цхьана уездал бен йац иза, амма чугӏорта ков доцуш, чӏагӏйина шатайпа гӏап йу. Массанхьа а бӏешерийн къена, йуькъа хьаннаш, лекха лаьмнаш. Лахара хьалахьаьжча, халла бен стигал ца гуш, кӏорга чӏажаш, гаттий тогӏеш. Гӏашлойнаш доцурш, кхин некъаш дац. Говрашна, варрашна тӏехь дӏасалела уьш. Хӏора дитт, кол, чхар гӏап йу нохчочунна. Ас-м элира нохчашна цхьа а ӏедал а, законаш а ца деза. Ткъа церан шатайпа законаш ду. Церан йукъараллин дӏахӏоттам а, кхетам а тайпанийн йукъараллин дӏахӏоттаман тӏегӏанехь бу хӏинца а. Нохчий шатайпа магометанаш бу, бусалба динах кхетам лахара болуш. Уьш хьекъалца ца беха, дукхахдерг фантазица, бӏаьргаш гушдолчуьнца, даго хьоьхучуьнца беха. Тӏаьхьалонан ойла ца йо. Далла ӏамал йо цара, Дала а, Мухьаммад пайхамара а бусалба адамашна тӏедехкина декхарш кхочушдийриш ӏаламат кӏезиг бу царна йукъахь. Нохчийн демократи йу. Элий, дворянаш, лакхарнаш, лахарнаш бац. Массеран а цхьатерра бакъонаш йу. Вуьшта аьлча, уьш маьрша бу шайна луъург дан. Хьекъалечу, оьздачу, доьналлечу нехан сий ца до цара, зуламхочунна йукъаралло таӏзар а ца до. Церан демократи а, маршо а разбойникийн демократи, маршо йу. Коьртехь хьекъале, оьзда, доьналле баьччанаш боцу, цхьа закон массара а лардеш, кхочушдеш доцу халкъ маьрша дац, иза декъаза халкъ ду.
Шен кофе дӏа а мелла, дассаделла фарфоран жима зока охьахӏоттийра Липрандис.
– Кхин а кечъе ас?
– Баркалла. Цкъачунна тоуьйту ас.
– Жимма коньяк?
– Тӏаьхьа. Тамашийна хӏума ду иза. Цхьа а ӏедал, закон, барт боцчу оцу халкъо дезткъа шарахь Россина дуьхьал тӏом бина.