Ткъа хӏун деш бу нохчий? Тхуна хезна, шун цигахь а ӏедалца девнаш хуьлу бохуш. Варийлаш, ларлуш хилалаш, шаьш ӏеха ма дайталаш. Миша а, Кирилл а маьрша ву. Россехь шайн гӏуллакхдеш бохку уьш. Датико хӏинца а каторгехь ву.
Тхоьгара довха маршалла ло вайн вежаршка – нохчашка. Петр, Николаз».
Ӏелас йух-йуха а доьшура и кехат. Цунна дицделлера тилла даьлла ламаз а, шен мацвалар а. Ца хааделира кӏез-кӏезиг малхбузехьа, регӏал тӏехьа, де къайладолуш а. Цуьнан ойланаш генарчу Гуьржех, лаьмнашца кхерстара. Хеталора, и кехат доьшуш, шена и шиъ гуш, цаьршиннан къамел шена хезаш санна.
Коьрте хьийзачу ойланаша наб дӏайаьхьнера цуьнан.
Сибрехь волуш ӏелас нийат динера, нагахь ша мацца а цкъа даймахка цӏа а верзахь, могашалла а хилахь, Хонкара а вахана, цигахь дозанехь вийна дӏавоьллинчу шен вешин Аьрзун а, цуьнан доттагӏчун Чорин а кешнашна тӏехӏотта. И шен нийат дицделла ца ӏара иза. Амма и кхочушдар дӏатеттира Нохчийчохь хӏоьттинчу чолхечу хьоло. Иштта чолхе хьал дара хӏетахь гуьржийн, эрмалойн мехкашкахь а. Цкъа хьалха – революци, тӏаккха – ахархойн гӏовттамаш, белхалойн забастовкаш, стачкаш. Оцу хьелашкахь кхераме дара Хонкара ваха новкъавала. Сибрехь шеца хан йаьккхинчу шина накъостера кехат деача, и шен нийат кхочушдан сацам хилира цуьнан. Цига дӏасавоьдуш Петр, Николаз гур ву. Нийсса аьлча, хӏара йурт къахьйеллера цунна. Дера, хӏокхуьнгара сингаттам хуучу наха мосазза а цуьнга зуда йалор а ма хьахийнера. Йуьртара а, гондӏарчу йарташкара а хӏокхуьнан хенара, хӏокхул къона а, куьце а, оьзда а, хӏокхуьнга бахка реза а болуш зударий ма хьехабора. Амма ӏелас, баркалла а олий, гӏиллакхехь совцадора и къамелаш. Хилларг шена эхь долуш гӏуллакх дацахь а, цунна хала дара Айзин маре йахар дицдан. Ша цхьана мосазза вуьсу, цуьнан шен бертаза дагаоьхура шаьшшиннан къона хан, доза доцуш боккха безам, кхолламо къестош, вовшех хьоьгуш, вовшашка сатуьйсуш йаьккхина хан. Къанделлачу хенахь шаьшшиннан дегнашна хилла чевнаш.
И чевнаш хенан йохалла йерзаре сатуьйсура цо. Амма уьш ца йоьрзура. Уьш шеца коша хьур йу ӏелас. Цхьана ханна йуьртара дӏаваьлча, мелла