баттана. Тӏаккха ӏелас, ша Хонкара воьду, элира. Цигахь дозанехь ваша ву шен дӏавоьллина. Японски тӏамера ведда вахана, Хонкарахь вехаш оцу вешин кӏант а ву, элира. Вешин коша тӏе а хӏуттур ву ша, вешин кӏант а лохур ву ша, элира. Тхойша Россех вахана вогӏучу йукъана ша, Хонкара а вахана, Гуьржеха йухавоьрзур ву аьлла, вахара иза. Ша цигара йуха ца верзахь а аьлла, хьоьгий, Ахьмад цӏе йолчу шун йуьртахочуьнгий цхьа весет дитина цо.
– Оцу тӏехь дерг соьга дийца ца мега аш?
– Хӏан-хӏа, мегар дац, ӏусман, – корта ластийра Беридзес. – Хьой, Ахьмад цӏе йолу стаггий цхьаьна хила веза.
«Веза Дела, хӏун ду-те аьшшиммо деанарг, дан мукъа а? – чу бала хьаьвзина, тӏаьхь-тӏаьхьа чехкадуьйлуш, хьерадаьлча санна, детталора ӏусманан дог. – Диканиг дохьуш веанехьара, тоххара схьадийцина хир дара…».
– Тховса кхойкху вай Ахьмаде йа кханенга даккха мега вайн иза? – хаьттира цо, хьешашна луург дархьама.
– Хьайна мел хало хилахь а, тховса схьакхайкхахьа цуьнга. Шун кхузахь а машаре дац. Хьанна хаьа, кхана хиндерг.
Кхин хан ца йойуш, Ахьмад каро араиккхира Доша.
Ахьмад охьавижаза карийра Дошина. Хӏетта цхьанхьара цӏа вирзина иза, тӏера сов бедар дӏа а йаьккхина, неӏармачаш кханенна кечъеш воллура. Хан йоцчу хенахь ша волчу веанчу Дошин кхоьлина йуьхь гича, иза хӏумма а диканиг дохьуш ца веаний хиира хӏусамдена.
– Доша, хьо лаа лелий? – хаьттира цо шен ма-хуьллу паргӏат.
– ӏелин ши накъост веана Гуьржехара.
Ахьмадан дегӏах шийла хьацар туьйхира.
– ӏела вуй цаьрца?
– Вац…
– Хӏунда?
– Ву… Амма цигахь вийна, цӏа валийна. Кхузахь салтий бу аьлла, хезча, Саьмби-Кӏотарахь цуьнан дакъа а дитина, даьхкина тхо. Ӏусмане хаийтина а дац.
Хӏетта ша царна чуьра схьайаьккхина тӏеда къаж йуха чу а таӏийна, мачаш кога а йуьйхина, гӏорийначуьра йасталуш, ладарш ӏийдалуш кхозу кетар тӏе а кхоьллина, месала куй а тиллина, вист ца хуьлуш хьалхавелира Ахьмад.
Ахьмад неӏарх чоьхьаваьлча, хьалаиккхира ши хьаша. Царах цхьаъ ӏаьржа корта а, хаза хьовзийна ӏаьржа мекхаш а долуш, дукъ тӏедаьлла мара а болуш, ӏусманан хеннара стаг вара. Ткъа воккхо ала мегар долуш, хӏетта сирйала йоьлла хьаьрса маж а, хье тӏера тила боьлла корта а, къинхетаме сийна ши