Цунна-м хьовха, хӏокху Кавказан администрацешкахь гӏуллакхдечу оьрсашна массарна а. Каралов, Моргания элий бу. Россехь оьрсийн элийн сий ду. Уьш дворянаш ма бу. Бӏешерийн кӏоргенехь деха орамаш, стаммий генаш долуш. Шайн долахь мехкаш а долуш. Цхьаболчеран долахь йаккхий заводаш, фабрикаш йолуш. Паччахьан гонехь, правительствехь, губернешкахь лаккхарчу даржашкахь болуш. Ткъа хӏара Караловгӏар, Морганиягӏар муьлш бу? Элий бохуш цӏераш йу, кхин хьалхе-тӏаьхье йац. Шайн махкахь, лаьмнашкахь цхьа масех ирзо, бӏе корта даьхни, говраш, йуьртахойчул даккхий а, лекха а цӏенош хила тарло церан. Доцца аьлча, хьолана, хьекъална, кхетамна шайн туземцел дукха лакхабовлаза нах бу. Амма мел цаьрга безам бацахь а, кхузахь оьрсийн ӏедална оьшу уьш. Толлу, жан жӏаьлеш санна.
Михеевна уггар а оьшу Зеламхина тӏаьхьа талла. Иза а, Нохчийчуьра кхиболу зуламхой а хӏаллакбан. Нохчий, кхерийна, дӏатаӏо.
Каралов цунна дуьхьал лекха гӏовла йолчу, кӏедачу кресло чу охьахиира. Ӏаьржачу аматехь кавказхо. Ша мила ву а ца хууш, кура. Доцца хьал-де а хаьттина, гӏуллакха тӏе велира и шиъ.
– Керла хӏун ду? – хаьттира Михеевс, ладогӏа а кечлуш.
Караловс, шен папка схьа а йиллина, цу чуьра схьаэцна кехаташ шена хьалха стоьла тӏе охьадехкира.
– Зеламха нохчий гӏовтто кечамбеш ву бохуш, хилла хаамаш ас хьалха схьакхачийна хьан Локхалле. Цунна тӏе цу хьокъехь сан агентурера масех хаам бу. Дийцарехь, Зеламха ша вац и гӏаттам кечбеш. Кхин нах бу. Халкъалахь бевзаш, лоруш болу нах. Къаьсттана къадари тӏарикъатан вирдийн мурдаш. Веданна гена доццуш, Хьаьжи-Кӏотара олучу жимачу йуьртахь каш ду Кунта-Хьаьжин ненан. Гӏаттам кечбархоша оцу коша тӏехь дуй биъна, боху, Зеламхина а, вовшашна а тешаме хила. Гӏаттам боло партизански отрядаш вовшахтоха аьлла, Зеламхас кехаташ йаздина, боху, шен бартахошка. Нохчийчуьрчу а, Дегӏастанарчу а тхьамданашка, динадайшка. Амма иштта цхьа а кехат тхан кара ца кхаьчна. Хетарехь, Зеламха реза вац гӏаттамна коьрте хӏотта. Хӏунда аьлча гӏаттам кечбархоша, имамалла тӏелацахьара аьлла, дехар дина хилла Шеларчу Моӏса-Хьаьже. Иза реза ца хилла. Ботлихан округан начальнико полковника Гвилисианис дийцарехь, изза дехар дина цара цигарчу Аслудди-Хьаьже, помещике Гоцинский Нажмуддига а.