Шина кӏантана а кхерам бац хӏинца цкъа. Пхийтта шераш кхаччалц. Тӏаккха…
Боьртаган кхаа кӏантах жимахволу шиъ ӏедалан балхахь вара. Шахӏаб – паччахьан эскаран эпсар, Шедид – хӏокху лаьмнашкахь некъаш дохкуш а, тодеш а белхаш бойтуш подрядчик. Нохчийн хьолахошка нисбелла бацахь а, шайна тоъал хьал-бахам бу церан. Нохчо вузарх ӏебаш вац олуш, кица ду. Шайн бахамах тоам ца хуьлура царна а. Шайл хьоле болчаьрца нисбала а, лакхабовла а лаьара. Зеламхин коьртах кхайкхийна берхӏитта эзар сом, къахьега ца оьшуш, ишттанехьа карагӏертара царна. Ткъа шаьш къайлах лелийна йамартло, тешнабехк гучубаьлча, шайна а, тӏаьхьенна а эхь хиларан, халкъо неӏалт кхайкхоран ойла ца йора цара.
Ткъа цхьана стагана хууш лелийнарг къайлехь ца дуьсу. Мацца а цкъа гучудолу халкъана. Ӏедалца лелийнарг диссане а ца дуьсу къайлехь. Йозанца ӏедална тӏебаьхьана мотт а кехат тӏехь буьсу. И кехат ӏедало лардо. Къайлахчу айкхийн цӏераш а ларйо. Итт, шовзткъе итт, бӏе шо хан йаьлча, и документаш халкъалахь ӏорадоху. Цуьнан ойла а ца йо йамартхоша.
Сутаралло а, йамартлоно а къизаллина тӏетоьтту уьш. Ткъа и кхо сакхат дагца, ойланца, дегӏаца долчу стеган кханалерчу эхартахь Делерчу къинхетаме догдохийла йац. Уьш Делах а, къематдийнах а тешаш, кхоьруш цахиларна.
Поручик Кибировца а, кхечу эпсаршца а даррехь гергарло дара Боьртагагӏеран шина кӏентан. Шайн хьолаца а, даржашца а цаьрца цхьана тӏегӏанехь лорура шаьш. Цундела мотт эцна Кибировна тӏе къайлах баха ца дезара церан. Поручик цаьрга хьошалгӏа а вогӏура, уьш цунна тӏе а боьлхура. Дерриг халкъана а гуш. Цунах дозалла а деш.
Тахана Шахӏабан хӏусамехь хьошалгӏахь ву Кибиров, Шелан йуьртда хӏири Дослихов Михаил а. Стоьла тӏехь шун хӏоттийнера. Дерстина жижиг, ахьаран галнаш. Саьрамсаькхан кӏон берам. Кхерзина котамаш. Сийна хохаш. Дика чай. Коьртаниг – къаьркъа а. Йукъ-кара Шахӏаба къаьркъа дуттура стаканаш чу. Хьешашна – алсам, шена – кӏезиг. Баккъал аьлча, Шахӏаб ша молуш а, маларе безам болуш а вацара. Иштта, ша волчу хийра хьаша нисвелча, гӏиллакхна маларх къурд бора.
Хьешашна хӏун оьшу хьожуш, сих-сиха чувогӏий тӏехӏуттура Шедид. Кортош дукха дохдалале, шаьш