Ӏуьйранна иза дӏаваха новкъаволуш, НКВД-н цӏарах некъан кехат делира цунна ӏумар-ӏелас.
– Хӏокху агӏор карийна нохчо хьийзаво милицис. Хьоьгахь лагерехь делла кехат-м ду. Делахь а хӏара сов хир дац хьуна.
Овхьад шен доьзал, халкъ лаха Казахстане ваха новкъа велира.
Иза хӏинца кхозлагӏа даймахках къаьсташ вара.
Дуьххьара иза даймахках къаьсташ – вуьрхӏитта шо; лаьцна, Сибрех вохуьйтуш – ткъе диъ шо хан йара цуьнан. Сибрехара цӏа воьрзуш – шовзткъе диъ.
Шозлагӏа лаьцна, Сибрех вохуьйтуш, кхузткъе вуьрхӏитта шо дара цуьнан.
Хӏинца гонаха ха а доцуш, шен лаамехь даймахках волуш – дезткъе ворхӏ шо.
Хӏинца иза, кхин цкъа а даймахка йуха ца верза, гена новкъа велира.
Цуьнан дезткъе ворхӏ шо ма ду…
Зеламха дуьнен чуьра дӏакхелхинчул тӏаьхьа бӏе шо гергга хан йаьллехь а, цуьнан цӏе боккхачу лерамца, бовхачу безамца ларйина нохчийн халкъо. Амма цуьнан цӏе иштта лоруш кхечу къаьмнех адамаш а дукха гина суна.
Киргизехь соьца болх беш вара Пантелейчук Николай. Иза колхозан коьрта бухгалтер, со – цуьнан гӏоьнча. Да – молдаванин, нана оьрси йара цуьнан. Сол масех шо воккха вара иза. Жима волуш цкъа Зеламхех лаьцна кинофильм гинера цунна. Сих-сиха суна йуьйцура цо иза. Дуьненан исторехь гӏарабевллачу турпалхойх цхьаъ лорура цо Зеламха.
1975-чу шарахь со волчу Мескета хьошалгӏа веача, Зеламха вина йурт ган лиира Николайна. Тхойша Хорача вахара. Эвлайистехь тхойша хӏоьттина лаьтташ тӏевеара цхьа жима стаг. Тхойшинга хьал-де а, мичара ву а, кхуза хӏунда веана а хаьттира цо. Оцу дерригенна а ас жоьпаш делча, Зеламхагӏеран цӏенош хилла меттиг гайтира оцу стага. Цу меттиг тӏехь цӏенош дацара, гонаха керт йацара. Йуьрто дӏатесна, эрна йитинера иза, цхьаммо а шен дола а ца йоккхуш.
– Зеламхин ши йоӏ ган лаьий шуьшинна? – хаьттира жимачу стага. – Муслиматан кӏентан кӏант сан доттагӏ ву, шуьшинна лаахь, ас Ведана Муслимат йолчу вуьгур ву шуьшиъ.
Муха ца лаьа. Зеламхин ши йоӏ гаре ас сатуьйсу дукха хан ма йара.
Тхойша дика тӏеийцира Муслимата. Сихха Энист схьа а кхайкхира. Уьстагӏ бийна, дика шун хӏоттийра. «Маршонан цӏарах» романа тӏера Зеламхех лаьцна корта а бешна хиллера цаьршиммо.