– Шолгӏачу дийнахь ӏуьйранна, хьалххе гӏеттина, Ведана округан начальникна Караловна тӏейахара нана, – кхидӏа а дуьйцу Муслимата. – Дадин дакъа схьа а даьккхина, кешнашка дӏадолла бакъо лахьара тхуна аьлла. Начальнико бакъо ца йелира. Иза шен карахь дац, областан начальникна тӏе а гӏой, цуьнга йеха и бакъо, элира. Дог доьхна цӏа йеара нана. Буритӏа йаха-м хала ца хетара цунна. Цига лелаш цӏерпошт йара. Цхьадика, хӏетахь областан начальник Михеев вацара. Иттех де хьалха цигара кхечухьа балха ваьккхинера иза. Хьалха тхо набахтехь а, ссылкехь а долуш тхан дас, тхо марша ца дахахь, ша иза а, цуьнан йоӏ а, нуц а йийсаре дигна дуьйр ду бохуш, кхерамаш тийсинера Михеевна. Цуьнан метта керла начальник вара. Флейшер цӏе йолуш, цхьа инарла. Немцо вара, моьтту суна, иза. Цундела цунах догйовха йара нана. Инарлина тӏейаха сацам хилира цуьнан. Цуьнца со а йахара. Нанна оьрсийн мотт ледара хаьара. Мухтаров а веара тхоьца. Дӏакхаьчча, Флейшер цӏахь ца карийра. Гӏизлара вахана, элира. Хӏинца хӏун дан деза-те бохуш, йоьхна хьаьвзира тхойша. Начальник ца хилча, цуьнан метта цхьаъ хила ма веза аьлла, дагадеана, хаьттича, инарла Степанов ву, элира, цуьнан хьалхара гӏоьнча. Иза тхуна цкъа гинера. Тхо набахтехь долуш, тхоьгара хьал-де а, тхуна хӏун оьшу а хьажа веача. Хӏетахь иза вон стаг ца хийтира суна. Цунна ца йевзира тхойша. Ас цӏерш йехира. Тхойша Зеламхин зуда а, йоӏ а йу аьлла.
– Шуьшиъ хӏунда йеана? Зеламха вийна. Дӏавоьллина. Кхойтта шарахь шу балехь латтийна цо. Цӏийнах-цӏарах даьхна, ӏазап хьоьгуьйтуш. Набахтешкахула, Сибрехула. Шу даккхийде дезара, шаьш цунах маршадовларна!
– Дера, оха халонаш, баланаш ма лайна. Цо а, оха а. Цунна бехке иза а, тхо а дацара. Цхьаболчу хьаькамийн харцонаша ваьккхира иза оцу новкъа. Бехке хиллехь а, тхан да ма вара иза. Шу а маршадевлла цунах. Ӏедална кхераме волчуьра дӏаваьлла иза. Веллачуьнца хӏун къуьйсур ду? Массо къоман, массо динехь гӏиллакх ду велларг, цӏанвой, марчо хьарчадой, йа цӏена духар тӏедухий, кхидерг а дой, кешнашка дӏавуллуш. Ткъа тхан да уьш цхьа а ца лелош, Шелахь, салтийн говраш кхобучу божална уллохь, кхелли кхуьйсучу меттехь, цхьана маьӏӏехь лаьттах воьллина. Иза бусалба динехь, нохчийн гӏиллакхехь кешнашка дӏаволла лаьа тхуна.