Царах цхьаннах букъ а товжийна, вехха лаьттира некъахо. Кхузара дӏа цунна, керайуккъехь ӏуьллуш санна, шера гора йерриг а йурт. Генна, лаха чуьра схьа, къорра хезара чехкачу Яьссин гӏовгӏа. Дехьо йуккъехь цхьа нӏаьна кхайкхира. Дукха хан йалале шозлагӏа декачу котаман гӏовгӏано дуьзира хӏаваъ.
«Хӏокху йуьртахь, и гӏийла серлонаш къегачу цхьана цӏенош чохь, бийшина ӏохкуш хир бу сан кӏентий. Айза а… Кӏентийн бераш а…» – ойла йира цо.
Некъахочун дог тохаделира, кхоьлина йуьхь гӏийлла йекхайелира, кӏадделлачу дегӏе цӏеххьана ницкъ беара.
Чехкка волавелла, ӏинца хьала а вахана, лакха маьӏӏехь, бӏарийн къеначу дитташна кӏел, сецира иза. Гонаха керт йоцуш, дӏатесна беш гича, тӏепаза дайра масех минот хьалха цуьнан даг чу иккхина воккхавер. Леррина гонаха дӏаса а хьоьжуш, бодашкахь цхьа хӏума лоьхура цо. Цуьнан сецар а, лелар а дегӏах цӏе хьаьрчина хьийзачу адамах тарлора.
Дуккха а иддачул тӏаьхьа бешан малхбузе маьӏӏехь лаьттах дикка хьалаайбелла къаьстачу борза тӏехь сецира иза. И барз мацах цкъа кхузахь хиллачу цӏенойх йисина херцораш йара.
Оцу борза тӏе а хӏоьттина, гонаха гӏийлла бӏаьрг беттара цо. Амма цунна ца карадора ша лоьхург, шен доьхначу дагна там беш цхьа а билгало. Цхьаьннан чӏир кхобуш санна, гӏайгӏане цуьнга хьуьйсура наха генаш хедийна, заьӏап дина бӏарийн къена дитташ. Цӏенойн херцорех хӏоьттина барз а, гонаха кертан хӏоз боцу хӏара беш а дӏатийсинчу ширчу кешнех тера хетара. Муьлххачу стеган даг тӏе сингаттам тосур болуш дара хӏинца цунна гуш долу сурт.
Дийнан серлонехь некъахочуьнга хьажначунна гур дара цуьнан аьтту бӏаьрган цӏоцкъамна тӏехула ирачу герзо йинчу чевнах бисина беха цӏен мо, кӏез-кӏезиг кӏайлуш, кийра хьаьвзинчу, цунна шений бен ца хуучу балано кхохкийна бӏаьргаш, йего чӏениг.
Некъахочо, стигала хьала а хьаьжна, сийна пхенаш тӏедевлла озий куьйгаш хьалалецира.