а гӏиртира. Цунах гӏуллакх ца хилча, жимма мукъана а къамкъарг малйайта а гӏиртира. Тӏаккха вайна тӏехь динарг а гуш ду-кх. Ӏедало хӏиттийна йуьртдай тӏе ца лаца а, ӏедална текхамаш ца бан а гӏерташ, дуьхьало йира кху ӏай Нохчмахкарчу йарташа. Хӏун хили цунах? Массо йарташкара, йукъ-йукъара, нах лийци. Хӏан-хӏа, Зеламхина тӏаьхьадахар бен, кхин некъ ца бисина.
Хӏара шиъ Ведана чукхочуш, цаьршинна тӏаьхьакхиира дика ши говр йоьжна йогӏу гӏудалкх. Цунна тӏехь кӏедда техкаш хиъна ӏара сирдала доьллачу хьаьрсачу маж-мекхана цӏен гӏина а диллина, йерстина цӏен беснеш, чӏенига кӏел кхалкъ йолуш, воккхаллехьа лестина стаг. Хӏокхеран ворданца нисвелча, цо боларе йехира чаболахь йогӏу говраш.
– Ассалам ӏалайкум, Тасуха!
– Ва ӏалайкум салам, Бета!
– Хӏун ду вайн эвлахь керла? Сингаттам боцуш деца?
– Дика ӏа. Хьо а лелий могаш?
– Алхьамдулиллахӏ, къинхетаме а, комаьрша а волчу вайн Далла бу хастам! Ас шена кӏезиг йечу ӏамале хьаьжча, со ма дика кхобу-кх цо! Нахана моттахь а, башха хӏара дуьне лоьхуш а ма вац со, Тасуха. Эцца сайн ницкъ кхоччучул Далла ӏамал а йеш, доьзална оьшучул совдаьлла рицкъа сагӏина а луш, Далла дуьхьал ваха кечам беш лела-кх.
Томкано маждинчу мекхашна хьажо пӏелг хьоькхуш, къорра велавелира Тасуха.
– Бакъ боху ахь, Бета. Айхьа миска нах а, жоьра зударий а, бобераш а талош летийнчу къинойх цӏанвала гӏерташ, Далла хьалха ма дукха корта бетта беза ахь. Церан хьакъ текхна вер вац хьо йовмал къематде махьшаре долуш а. Мацах-мацах цкъа, бусалба дин а, йа керста дин а кхолладалале хьалха, адамашна, церан корматалле хьаьжжина, деланаш боькъуш, цхьа дела тоьъна вац, боху. Тӏаккха къушна а, совдегаршна а цхьа дела къастийна, боху. Церан корматалла цхьаъ а лерина!
Бетас бӏаьрнегӏар а ца туьйхира.
– Дӏавалахьа, Тасуха, – куьг ластийра цо. – Вайн эвлара со цхьаъ йаа сискал йолуш валар ца лало-кх шуьга. Тӏехула тӏе, Тасуха, совдегаралла сийлахь а йуьйцу жайнаша. Ӏалай салат вассалам, Делера салават, салам-маршалла хуьлда цунна, вайн пайхамар а ма хилла ша къона волуш совдегар.
– Амма иза, хьо санна, нах ӏехош, къехошна тӏера цӏока йоккхуш ца лелла.
– Хаац, пайхамаршна, эвлайаашна хӏума олучух