Чим беш, йагийна йарташ йуьтуш, хийла доьзал байлахь буьтуш, хийла да-нана доьзалх къастош, дийна бисинчарна цкъа а дицлур доцу ирча сурт хӏоттийна чекхбелира и иттаннаш шерашкахь бахбелла къиза тӏом. Цо лаьхкина лелийна, гӏелбелла нах йохийна шайн йарташ меттахӏитто буьйлира. Масех шарахь вовшех хьегначул тӏаьхьа цхьаьнакхета аьтто хилира ӏелин а, Айзин а. Къоначу шиммо, кӏад ца луш, къахьоьгура шаьшшиннан бахам кхолла гӏерташ. Мацах шайн ден цӏенош хиллачохь цхьа миска лаппагӏаш хӏиттийра. Цӏа чохь цхьана маьӏӏехь пенаца терхешна тӏехӏоттийна дечиган а, кхийра а масех пхьегӏа а, цӏенкъа тесна ши кхакха а, тиша истанг а, сийначу боьзан тӏетухургаш йолуш, тӏергӏан кенашца дуьзна ши йургӏа а, цхьа гӏайба а. Неӏаран сонехь кохьар а, цунна уллохь чохь цхьа гирда хьаьжкӏаш йолуш йоманаш летийна гали а. Иза бара цаьршиннан берриг а бахам. Амма и шиъ хьега, кхин тоьлла бахам болуш цхьа а доьзал бацара Гати-Юьртахь. И шиъ цхьаьнакхетча, ловзар-м хьехочохь а дацара, атталла кегийрхой цхьаьнакхетта синкъерам а ца хилира. Цаьршинна совгӏаташ дохьуш йуьртахой а, гергарнаш а ца баьхкира. И гӏиллакхаш цкъа а ца хилча санна, моллас мах а бина, тийна-таьӏна дӏадерзийра.
Шайгахь мел къелла йелахь а, шаьшшиннал ирсе адамаш дуьненахь а дац, моьттура цаьршинна. Халонаш, оьшург алсам мел хуьлу, чӏагӏлора цаьршинна йуккъера безам. Амма иза цхьа йоца, гена гӏур йоцуш йукъ йара. Мецачу барзах тера, бага а гӏаттийна, тӏегӏертачу мацаллей, къеллей дӏахьажа ца лууш, шаьш шайн ӏехо гӏерташ, цаьршиммо токху денош а чекхдевлира.
Гора-йаӏ, ма атта дара бӏаьргашна гуш, дуьхьал волчу мостагӏчуьнца герз карахь лата а, къийса а, вала а. Амма муха къийса деза мацаллица? Муха йицйан йеза дайшкара схьа лаьттина маршо, муха лан деза лан ца ӏемина хӏокху ӏазапан, лоллин дукъ?