– Буьйса дика хуьлда хьан, хӏусамда! – маршалла хаьттира ӏелас оьрсийн маттахь.
Хӏусамдас, халла оьрсийн дешнаш а лахьийна, жоп делира.
– Бехк ма биллалахь, буьйсанна хан йоцчу хенахь хьо гӏатторна. Хан йоцчу хенахь кхаьчна со а хӏокху йуьрта. Арахь буьйса йаккха а шийла йу. Ахь пурба лахь, тховса хьан хӏусамехь буьйса йоккхур йара ас, – бехкала вахара ӏела, цунна оьрсийн мотт гуттар а ледара хаарх кхетта, ша эриг ма хуьллу къостуьйтуш ала гӏерташ.
– Хьаша хӏусаме витар а, буьйса йаккхийтар а хӏусамдайшка хоьттуш ца хуьлу. Чу а волий, хьайн хӏусамехь санна, паргӏатвала, – аьлла, неӏ йиллина, куьг хьалха тесира хӏусамдас.
Цо куьг хьалха дӏатосуш, беллабеллачу чоин тӏома йуккъехула ӏелин бӏаьрг кхийтира цуьнан хечин борчах йоллучу тапчех.
Ӏела цӏа чу велира. Тӏехь шиша а доцуш, чоьзна гӏийла богучу чиркхо халла серло лучу хӏокху цӏа чохь поппаран маьнги тӏехь набкхетта ӏуьллура диъ бер. Хӏетта гӏеттина хӏусамнана, набаро дохийнчу шен дегӏан меженаш а сеттош, шуьйрра бага гӏатторца наб дӏа а къахкийна, новкъара хӏуманаш дӏасалиста йолайелира.
Дукха хан йара ӏелина хӏусамехь иштта доьзал ганза. Маьрша дийшина ӏохкучу оцу берашна тӏе а вахана, уьш сама а даьхна, хьаста хьаьгнера иза. Хӏокху йовхачу хӏусамо а, нохчийн кхерчан цхьа шатайпа дагна там бечу, кийра бузочу хьожано а, набарш кхетта ӏохкучу оцу кегийчу бераша а, дукха хан йоццуш шен кхайкхамашца цо йехна ӏожалла йицйина, цуьнан даг чохь дахаре безам а, лаам а кхоьллира.
– Же, ма ӏелахь, зуда! – зудчунна тӏевирзира хӏусамда. – Вайн хӏусаме воьссинарг хийра хьаша ву. Кхечу къомах стаг. Оьрси. Уггар хьалха йуучунна там белахь цунна. Ткъа хьо, хьаша, хьайна тӏера кетар а, когара мачаш а дӏа а йахий, паргӏатвала, – аьлла, тӏетуьйхира цо, ӏелигахьа а вирзина.
Баттахь сов генара бинчу некъо дегӏ, тӏехулара а, чухулара а йерриг бедарш бехйина ӏела воьхна хьаьвзира, кетар а, валенкаш а дӏайаха дезча. Амма иза уьш дӏайаха волаваларе а ца хьоьжуш, тӏевеанчу хӏусамдас цуьнан когара валенкаш, озийна, схьайехира. Шен гира тӏоьрмиг схьа а баьстина, тӏера кетар дӏа а йаьккхина, уьш шена улло цӏенкъа охьайехкира ӏелас.