Цул и хьайна хир доцург а ца хьехош, хьаша охьавижо гӏайгӏа бе. Пекъар, кӏадвелла хир ву иза.
– Мича вижаве ас иза?
– Хаац. Хьешан цӏа чохь, тӏай кӏелахь санна, шийла йу. Бераш цӏенкъа а дахкий, маьнги тӏе мотт биллахьа цунна.
Ӏелас хӏумма а бехк ца буьллура хӏокху хӏусамнанна, цунна ша жерга хетарх. Ӏелина шена а хетара ша жерга. Корта а, маж-мекх а даьлла, баккъал а къеначу муьжгичух тарвеллера иза. Тӏера бедарш хийцаза, цӏандаза долу дегӏ кӏамлора, меза бинера. Шен дегӏах цунна шена а муьста а, кӏон а тайп-тайпана ийна, цхьа вон хьожа йогӏура. Кхузахь кхана суьйренга валахь, нагахь аьтто нислахь, шен дегӏ цӏандина, корта а, маж-мекх а цӏандина хӏума ца дахь, хӏокху куьцехь кху хӏусамехь буьйсанаш йахар хьехочохь а дацара.
И шиъ дан гӏертарг хиъна ӏела, цара дуьйцучух ца кхеттачуха, вистхилира:
– Хӏинца, аш пурба лахь, охьавижина, садоӏур ду ас. Хӏоккхуза неӏарехь, цӏенкъа таса тишо истанг-черт хир йарий-те?
– Хьо дӏога вуьжур ву, – берашна тӏе пӏелг хьажийра хӏусамдас. – Цигара бераш цӏенкъа а даьхна, хьуна цига мотт буьллур бу зудчо.
– Хӏан-хӏа, со кхуза, цӏенкъа, вуьжур ву. Бераш самадаха, меттахъхьедан пурба дац шуна!
– Со ву хӏокху хӏусаман да. Хьо сан хьаша ву, ас аьлларг дан дезаш!
– Шун къоман гӏиллакхаш суна дика девза, жима стаг. Хьешан лаам хӏусамдена закон ду. Аш и бераш самадахахь, со лулахошка гӏур ву.
– Сан хьешо, цӏенкъа а вижина, буьйса йаккхар нахана хиъча, муха хир ду? Суна эхь дан гӏерта хьо? Цуьнан ойла йиний ахь?
– Цхьанна а хуур дац, вай ца дийцичхьана. Буьйса йукъал тӏехъйаьлла. Суна ца лаьа бераш набарха даха. Ас вуьшта а сайх бала бина шуна. Тӏе, сан дегӏ а, бедарш а боьха йу. Кхана сарахь, со кхузахь висахь, дегӏ цӏандина, чухулара бедарш а хийцина, тӏаккха ахь бохург дийр ду ас. Ткъа тховса ас бохург дехьа, диканиг.
Мел шега дехарш дарх, хьаша шен сацамна тӏера а ца ваьлла, къарвелира хӏусамда. Дехьа чу йаханчу зудчо чах йуьзна тиша гоьй, кенан гӏайбий, боьзан йургӏий деара. Цо биллинчу метта а ваьлла, охьавижначу ӏелина там хилира, ша месийн назбаршла охьавижча санна. Хӏусамдай охьабийшаре ца хьаьжира цуьнан кӏадделла къена дегӏ.
Ах сахьт а далале хьешана чӏогӏа наб кхийтира…