Регӏа тӏехула хьалаайабеллачу маьлхан шийлачу зӏаьнаршна кӏел, дети санна, лепара семсачу лайно дӏахьулдина ӏалам. Ӏелина уллохула тӏех а буьйлуш, шовдан тӏе оьхура ӏуьйранна даьхни хи тӏе далош а, хи эца а богӏу зударий. Улло нисбелча, къаьрззий цуьнга хьовсура уьш. Наггахь зуда, ша тӏехйаьлча а, йухахьоьжуш хуьлура. Эрна дуйла хуъушехь, ӏела а хьоьжура баккхийчаьрга, йевзарг гаре дог дохуш.
Пхьаьрсех тийсина гӏели диллина цӏеста кӏудалш а йолуш, вовшашца забарш а йеш, зевне йоьлуш, ши йоӏ тӏехйаьлча, ӏелина карлайелира шен декъаза къоналла. Ӏелагӏеран цӏийнан корехула дӏахьаьжча, гучу лулахойн бешан маьӏӏехула схьахьаьвзачу урамехула, хӏинцца тӏехйаьлла йахана и ши йоӏ санна, пхьаьрсах кӏудал а кхозуш, хи эца шовдане йогӏура Айза. Тӏаккха ӏела, цунна дуьхьал а воьдий, и шиъ цхьаьний шовдане доьдура. Айза хи эцна йаьлча, изза некъ йуханехьа а бора цаьршиммо.
И хан а, хӏетахь лелийнарш а гӏан дагалоьцуш санна, хетара ӏелина хӏинца. Хӏетахь дуьйна шовзткъа шо сов хан йаьллера. Хӏинца вац хӏетахьлера ӏела. Хӏинца иза къанвелла, къежвелла, букархьаьвзина, баланаша, бохамаша йуьхь аьхна, настарш а шелйелла…
«Нагахь дийна йелахь, гича, Айза йевзар йарий-те суна? – дагадеара цунна. – Бӏаьргаш девзар дара. Уьш, цхьа шатайпа, кхечарех тера доцуш, ма дара. Хьекъале, къинхетаме, эсала. Ӏаьржа, безаман цӏаро лепош. Уьш девзар ма ду суна дуьненарчу дерриг а бӏаьргашна йукъахь».
Цигахь хӏоьттина латта кӏордийча, цӏа верза ойла хилла, цкъа дӏа а волавелла, тӏаккха мухха делахь а, йуха а вирзина, шина чуртана тӏевахара ӏела.
Гӏайракхан тӏулгах цхьатерра кечдина дара и шиъ. Цхьана говзачу пхьеро царна тӏехь лерина дехкинера туьран, шаьлтанан, тоьпан, тапчин суьрташ, чоин бустамаш а. Чарташна тӏехь ӏасанан, суьлхьанийн суьрташ цахиларо гойтура, и ши чурт къоначу нахана – тӏемалошна – доьгӏна хилар. Говза йаздинчу ӏаьрбийн йозанаш тӏера басарш махой, малхой дӏадайъинехь а, ӏелига цӏерш йешайелира. Цхьанна тӏехь цуьнан вешин, Аьрзун, цӏе йара, ткъа вукхунна тӏехь… цуьнан шен цӏе! Шен шина бӏаьргах ца тешаш, йух-йуха а йийшира цо и цӏерш. Гӏалатволийла дацара. И ши чурт цунний, Аьрзуний доьгӏнера.