– Цкъа собардайша, нах! – вистхилира ӏелина моллех тарвелла эгӏаза, бӏаьргех куьзганаш долу воккха стаг. – Делах мукъана а эхь хӏунда ца хета вайна? Делах мукъана а хӏунда ца кхоьру вай? Бусалба велахь а, керста велахь а, паччахьаш Дала хӏиттийна ма бу. Делан лаамца лелаш ма бу. Паччахьаша, церан ӏедало, цара хӏиттийнчу хьаькамаша бохург цадинарг Далла дуьхьал ма ву. Мила ву хӏара Саьӏад? Делан лаамца хӏоьттинчу паччахьо вайн йуьртахь шен ӏедал латто хӏоттийна стаг ву. Вайн йуьртан ӏу ву хӏара. Жа долчунна хьалха ӏуьно санна, паччахьна хьалха вайх жоп ло хӏокхо…
– Жана ӏу веза, борз ца йеза!
– Вайх уьстагӏий тардина ӏедало!
– Собаре хилийша, муъма вежарий! Аш къобал ца до Делан лаамца вайна тӏевеанчу оьрсийн паччахьан ӏедал? Делан кхелана реза дац шу? Гӏопал хила гӏерта шу? Шаьш динчу вочу гӏуллакхашна дохкодовла. Дела къинтӏера вер ву шуна. Ӏедало тӏейиллина налог, бера[1], пхи ламаз, ткъе итт марха а санна, вай кхочушдан дезаш пераз ду шуна. Нагахь санна Далла а, ӏедална а хьалха вай вешан декхарш кхочуш ца дахь, йалсамане дог дохийла йац шуна вайн…
– Тоийтахьа, Хьуьса, и хьехамаш маьждиган мимбар чу хӏоьттича бер ахь тхуна.
– Тахана ма хецавели хӏара!
– Ас цхьа-ши дош эр дара, нах. Пурба дуй суна?
Хьуьса наха къамелах йукъахваккхарх пайда а эцна, гонна йукъавелира цхьаъ. Ӏела гуламе кхойкхуш, шеца дӏаийзийнарг вара иза.