Со къен-миска стаг ву, Овхьад. Шу санна, хьал долуш велахьара, со а ваьлла хир вацара ахь буьйцучу новкъа!
– Со да волуш сайн дегӏ доцург хӏумма а дац, Хьомсуркъа. Ахь багарбина бахам сан вешин ӏабдин бу. Цунах цхьа тилор-тай а, цхьа хьостам а суна оьшуш а бац. Хьо къен-миска ву бохуш, нахана мохь а ма хьекха. Хьо къен-миска вац. Хьан дика говр а, герз а ду. Хьуна тӏера духар сайчул а дика ду. Къен-миска нах бац гӏалагӏазкхашна, ногӏашна, гӏумкашна къоланаш, талораш дийраш. Ги тӏоьрмиг а боьллина, кара гӏаж а лаьцна, гӏаш цига вахалур вац къен-миска стаг, вахавелча а, цигара говраш, даьхни а далалур дац. Къен-миска нах, шайн латтанийн коржамаш тӏехь белхаш а беш, бежана, газа-уьстагӏа а кхобуш, шайн аьтто берш Теркйисте гӏалагӏазкхашна йолах балха а боьлхуш, хене бовлуш бу. Ткъа и къоланаш, талораш дийраш дика дой а, тоьлла герз а долу нах бу. Мацвеллачу стага йалтин гали лачкъадо, говраш а, даьхни а ца лачкъадо, почта ца талайо.
Овхьада ша дӏатаӏийча, Саьӏадана тӏевирзира Хьомсуркъа:
– Ткъа ахь, Саьӏад, сан ден хилла кха бертахь схьало. Ца лахь, ас бӏаьста охур ду иза!
– Даим а и кха хьехош, кӏордийна, хьех чекхваьлла-кх хьо! Кха а делара иза а. Куйна кӏел а хоьур долуш ирзо. Гирда хьаьжкӏех йетт лучу хенахь, сан дас гирда хьаьжкӏаш а йелла, хьан ненера эцна и кха. Эцна, шен бераш мацалла леш дахкара, эцахьара ахь бохуш, хьан нана йоьлхуш, тӏаьхьара а ца йаьлла. Хьо гӏаддайна а велахьара, ахь кхерамаш а ца тийсахьара, ахь хаза а алахьара, и кха хьуна дӏалур дара ас. Амма хӏинца-м лур дац. Хьайн говр йа герз а дохкий, цхьана аьттан мах суна схьа а лой, дӏаэца. Кха а, къоланаш дитар а – ши пайда хир бу хьуна!
Ша вистхилийта бохуш, мохь бетташ, хьалхалелхара кхин цхьаъ. Эххар а цуьнга ладуьйгӏира наха.
– Алал, ӏабди.
– Тхан туька а, хьер а, чарх а суна тӏехъетташ нах а бу хӏокху йуьртахь. Уьш тхуна хӏокху йуьртарчу наха йина а йац, йа стигалара охьаэгна а йац. Тхан дас а, доьзало а маситта шарахь къа а хьоьгуш, йехкина уьш. Шуьга туька а, хьер а, чарх а ца йуьллуьйтуш мила ву? Оцу Яьссин тогӏи чохь бӏе хьер, бӏе чарх хӏотто меттигаш бу шуна а. Чу туька йилла цӏенош а ду шун. Шу хӏун деш ӏа, уьш ца йохкуш? Дика ду, ас тхешан туька а, хьер а, аннаш