Суна гац хьан бӏаьргаш лепаш,
Дуьххьара со вохвеш санна,
Массарал а ирс долуш хеташ,
Айъина со лелош санна.
Алахьа, ца йисна хьоьца
Вай тӏомахь лелийна йовхо?
Дог сацац, къоналла лоьхуш,
Даханчух богу суй боьхуш…
М. Мамакаев
Ша къона волуш баккхийчу наха дуьйцу хезнера ӏелина, оьрсашца тӏом хилале хьалха нохчий чӏогӏа Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, оьзда, къинхетаме, собаре, барт болуш а бара бохуш. Цара дийцина нохчийн къоман и оьзда гӏиллакхаш цхьадерш тӏеман халонаша, бохамаша, эрчонаша хьешний, дохийний, дагийний дӏадаьхнера, цхьадолчеран лараш, гӏаларташ дисинера.
Тӏом къизалла йу. Тӏамо синош ца кхуллу, синош дойу. Тӏамо цӏенош ца до, йарташ, шахьарш ца хӏиттайо – йохайо. Йалташ, даьхни ца кхиадо – хӏаллакдо. Машаречу адамаша бӏеннаш, эзарнаш шерашкахь хьекъалца, безамца, собарца, хьацарца къахьоьгуш кхоьллинарг дерриг а къинхетамза хӏаллакдо. Тӏамо, тӏера дай а бойуш, бобераш, къона жоьра-зударий, кӏентий а бойуш, къена дай-наной буьту, заьӏапхой бо. Тӏамо адамаш харцонна, йамартлонна, къизаллина тӏетоьтту. Цкъа а адаман са даккха дага цадеанарг, сагалмат хьаша а ларвелларг, цуьнан шен бертаза адамаш дайа ӏамаво. Шена тӏе герз а лаьцна, чугӏертачу мостагӏчуьнга ша ца вейта, иза воь цо. Дуьххьара адаман са даккха хала хуьлу стагана, амма цхьаъ, шиъ, масех а адам дийча, цуьнан дог чӏагӏло, къизло, иза цӏийх, къизаллех вулу. Хӏетталц хьарамчух ларвелларг къола дан, талор дан ӏема. Ша мацалла ца вала, шен доьзал мацалла ца балийта. Халкъе беанчу бохамах пайда а оьцуш, шайна хьал-бахам гулбо цхьаболчара. Тӏамо дуккха а адамийн эхь-ийман, йахь-оьздангалла, къинхетам боь, собарх дохадо, акхаройн амале дерзадо. Ткъа и тӏом цхьадолчу адамийн корматалле, говзалле, церан дахаран ӏалашоне боьрзу. Уьш нахаран баьлчанах, марс-мангалх, машаречу дахаран кхечу гӏирсех херабовлу. Царна герзах дӏакъаста ца лаьа, цуьнца лоху шайн рицкъ.
Тӏом болуш а, цул тӏаьхьа а оьрсийн ӏедалан йерриг а ӏалашо нохчийн къоман барт бохорна, иза оьздангаллех дохорна, йуккъера ийман-ислам дӏадаккхарна тӏехьажийна йара. Оцу