мегара цунна. Оьрза-Гӏалара веана Андри цӏе йолуш цхьа гӏалагӏазкхи ву хьо ган лууш, нагахь йогӏийла делахь, схьайола, алахьа цуьнга.
– Иза хала доцург ду, – зудчунна тӏевирзира иза. – Хьада, йалол, зуда, нана йолчу а гӏой, иза схьакхайкхал. Оьрза-Гӏалара веана Андри цӏе йолуш, цхьа гӏалагӏазкхи ву хьо ган лууш, ала.
Хӏусамнана, сихха ара а йаьлла, йахара. Ӏусман шайн халчу дахарх лаьцна цхьацца дийца вуьйлира. Амма вист а ца хуьлуш, леррина ладоьгӏуш велахь а, ӏелина ца хезара цо дуьйцург, иза дог детталуш хьоьжура неӏаре.
Ӏелас, неӏаре бӏаьрг а бетташ, сема ладоьгӏура арахь когийн тата хазаре. Хӏетте а шена хезаш санна хетара цунна маситта шо хьалхалера Айзин самукъане аз, дог хьоьсту йелайалар. Хан мел йели, гатделла детталора дог. Набарх санна хезара ӏусманан балхамаш. Эххар а цо дуьйцучунна тӏейирзира ӏелин ойла.
– Хала ду, Андри, тхан дахар. Латта кӏезиг ду тхан. Ткъа тхан дерриг а хьал лаьттаца ду. Хьалха Теркан йистошций, Соьлжа-хиций хилла нохчийн уггар дика латтанаш паччахьо, дӏадаьхна, шун гӏалагӏазкхашна делла. Цигара меттахбаьхна, иттаннаш эзарнаш нохчий кхуза лаьмнашка кхелхина. Цара йолчу тӏе а гатто йина тхуна, латта къийдина. Хӏетахь дуьйна дерриг а тӏекӏел хӏокху кӏажахь дохку тхо.
– Дерриг а ахь ма-дуьйццу а дац и, ӏусман, – йукъахваьккхира иза ӏелас. – Шун лаьтта тӏе гӏалагӏазкхий баха ховшар бакъ ду. Шайн цӏийца оьцу гӏалагӏазкхаша шайна луш долу латта. Паччахьо и латта ло царна, муьлхха а тӏом хилча, шайн герзаца, говрашца, духарца тӏаме боьлхург. Гӏалагӏазкхийн а дац массеран а латта. Нийсса ах сов гӏалагӏазкхий лаьттан коржам а йоцуш, даьхни доцуш, къен бу. Ткъа инарлийн, эпсарийн, хьолахойн долахь бӏе, эзар десятинаш латта ду. Царна Беци къен гӏалагӏазкхий. Тӏехула тӏе, шуьгара дӏадаьккхина латта цхьана гӏалагӏазкхашна делла ца ӏа. Шун мохк дӏалоцуш паччахьан ӏедална гӏо динчу нохчашна а, луларчу кхечу къомах нахана а делла.
– Иштта хила а тарло. Сан долахь цхьа кха ду, куйна кӏел хоьур долуш. Ткъа тхан йуьртан мохк цхьана иттех стеган долахь бу.
– Царна мичара хилла и мохк?
– ӏедалан хьадалчаш а, йалхой а хилла, нах бухкуш, талораш деш, хьарам, йамартлонца