Хӏара колхозан кӏа чохь долчу амбарна, текхина буха а йахана, ӏуьллуш йара. Иштта нисделле́ра: амбар йина а, дӏахӏоттийна йара тӏулгех бинчу бух тӏехь. Амбаран цӏенкъа стаммийн аннех йина йара. Тӏулгех бинчу бухана йуккъехула, адамаша ло хьаьшина ларош йитиначухула, текхина амбарана буха а йахана ӏуьллуш йара Ребаӏат. Шеца буру дара цуьнан, га́ли а… Буруца амбаран цӏенкъа йуккъехь нийсалура долуш ӏуьрг а даьккхина, оцу ӏуьргахула охьадо́гӏучу кӏах га́ли чу цинцаш ӏийдош ӏуьллура и. Жимчу ӏуьргах дукха ца до́гӀура кӏа охьа, саца а соцура наггахь. Тӏаккха зудчо чана чимхалг а ӏуттий охьадоийтура кӏа. Уохьадо́гӏчу кӏана кӏела кана а ло́ций, схьаоьций кӏа ӏовшура цо, мацалла мелла а ӏехайеш.
Мостагӏчо санна го лаьцна: шелоно, мацалло, цамгарша къиза, къинхетам хӏун йу ца хууш, хьокхуш бара нохчий, гӏалгӏай! ӏен меттиг бо́цуш, лаьттаха тоьланаш а йаьхна, ше́ло́нах кӏелхьа́ра бовла гӏерташ бохкура уьш, мацалло, ша́ и мангало буц санна, хьокхура, цамгарша ун даржийна шийла таӏазар латтадора! Де́ де́не мел де́ли а, тоьланашна чуьра а́рабовлуш кӏезига нах бара, «ӏожаллин йурт» гӏийлачу узаршийн эшарехь Де́лан доӏийца леш йара!
Ребаӏат а́ра йаьлле́ра: мацалла йелча а, хехочун тоьпах йелча а бен башхала а йац, аьлла. Масех километр гӏаш схьаихине́ра и ше́ло́на тоха са до́цуш, тӏехь шийла йолуш, ло доккха долуш, цо а шена къиза дуьхьало йеш.
Ше́н майр Хьуьсенан Зойрбек дийна волуш, цо йаьккхинчу тоьлана чохь дийна дисина мацало кӏела дитина ши бе́р, ши йоӏ Зийний, Кебист йара цуьнан. Тӏаьххьара висина кӏант Шамсуди а, Зойрбек санна мацало, цамгаро, ӏожало дӏаэцне́ра. Шамсуди а, ше́н да́ Зойрбек санна кхераван, къарван стаг ва́цара хӏокху дуьнена чохь, амма хӏокху дуьнена йистехь, хӏокхарна цкъа а ца гиначу ше́ло́нца, цамгаршца болчу къийсамехь ийгира уьш. Шаьш а мацало лаг а лаьцна, шайн кегийрачу цӏенойн лаппагӏаршна чохь ӏаш болчу казахийн багара тӏаьххьара рицкъа ца доккхуш, шайн оьздангалех ца бухуш, «ӏожаллин йуьртахь», шаьш хала Де́лан ницкъаца йаьхначу тоьланаш чохь, болуш мохь, аз, арз до́цуш леш бара нохчийн оьзда нах!
Нохчашкара Советан ӏедало, Сталинас схьа а даьккхина, шайна дӏаделла даьхни а къуьйсуш, хӏокхара ӏаьнонна кечдина дечиг а да́гош, хӏокхеран довхачу цӏеношна