Буц йара шортта, шийла шовда а. Хӏара шена лиъча охьабуьжура, йуха хьала а гӏоттура. Хӏара ӏаьхча — нана дуьхьал ӏаьхара. Тӏаккха хӏара кхийс-кхийсалуш, бодий-бодий тӏе а боьдий, ненах бекхара. Йуха ӏахаршца ловзура, вовшашна карраш а детташ, ида а уьдуш, дуккха а вовшах а кхетта, полларчий санна.
Дуьне хаза дара, сийна-баьццара маьлхан дуьне; ӏахаран дуьне дара хаза, ӏахар санна, жима а долуш; ӏахарал а жима дуьне, цхьана ирсах, безамах, синкъерамах дуьзна долу, жима дуьне, горга, ӏахар санна, хаза дуьне…
2003 ш.