— Йара де́ра,— аьлла.
Цу шиннал а жимах волчо аьлла:
— Аьтту бӏаьрг баьлла йарий иза? Эмкалан да́с жоп делла:
— Йара де́ра, — аьлла. Тӏаккха ца́ра аьлла:
— Хьан эмкал тху́на ган-м ца гина. Цул тӏаьхьа эмкалан да́с аьлла:
— Шух кхетта-кх сан эмкал, аша схьайала йеза иза. Кхаа вашас аьлла:
— Тху́на хьан эмкал ган а ца гина, о́ха мичара лур йу хьу́на эмкал? Мухха а це́ран гӏуллакх къовсаме а даьлла, вежарша цуьнга аьлла:
— Делахь хьо тхоьца ва́н веза, цхьана йуьртахь кхел йан хууш, говза дов къастош, цхьа стаг ву бо́ху. Цига доьлхуш ду тхо а, тхайна йуккъе цхьа дов доьжна. Цо хьан эмкал тхайх хьарчайахь, о́ха токхур йу хьу́на.
И стаг а вахана цаьрца, кхел йан хууш волу стаг волчу.
Бахана дӏакхаьчна уьш. Кхел йан хууш волчу стага хаттар дина:
— Шу хӏун гӏуллакх хилла даьхкина?
— Тхо кхо ваша, тхаьшна йуккъе доьжна дов къасто, хьу́на тӏе во́гӏуш вара. Новкъахь дуьхьалкхеттачу хӏокху стага, шен йайна эмкал о́ха лачкъийна бо́хуш, дов дахьаш хӏара а веана. Цкъа хьалха кхуьнан дов къастор вай, тӏаккха о́ха тхе́шаниг а дуьйцур ду.
Кхел йан хууш волчу стага хаттар дина эмкалан де́га:
— Мича бакъонца хьарчо гӏерта хьо кха́рах хьайн эмкал?
— Эмкал йайна, новкъа иза лоьхуш лелаш вара со. Кхарна дуьхьал кхетча, аса шайга дӏахаттале, воккхах волчу вашас э́лира: «Эмкал йайна-х ца лелий хьо?» Цул жимах волчо э́лира: «Тӏаьхьарчу когана астагӏа йарий иза?» — аьлла. Цу шиннал а жимах волчо э́лира: «Аьтту бӏаьрг баьлла йарий иза?» — аьлла. Сан эмкал су́начул дика кхарна йовзарехь, сайн эмкал кха́рах кхетта моьтта су́на.
Тӏаккха кхел йан хуучу стага цу кхаа вешега хаттар дина:
— Аша хӏун о́лу? — аьлла. Воккхах волчу вашас жоп делла:
— Цуьнан эмкал ган а де́ра ца гина су́на, амма цуьнан эмкал йайний, стенах хиира аьлча, эмкал нисса шен новкъа дӏа ца йоьдуш, йуьстахйуьйлуш, йа́жа кхийдина меттиг йара. Оцу тидамах хиира су́на, тӏехь да́ во́цуш иза хилар.
Шолгӏачу вашас аьлла: