Ӏаьнан а хуьлу ше́н малх кхетта денош,
Наггахь кхуссу сенчу гаьн тӀе ло а.
Хӏо́ра де а до́гӀур да́ц дог делош,
Хуьлуш дац йу гуттар лаьтта во а.
Хийцам бохьуш, хьийза горга дуьне,
Темаш, весаш — ший а ду шайн цӏе́ра.
Шина а кедан ба́рам деши дуьллий,
Ца нисдо ше́н терза дашо-пхьеро.
БӀаьрг боьлхучун бӀаьргах дериг а ду-кха
БӀаьрг боьлучун бӀаьргах доллу бӀаьрхи.
Дерриг тайна цхьана а да́с ца дуу,
Ва́хар ша́ ду — цхьа исбаьхьа мӀаьрго!