Чӏагӏо йуй хьан? – аьлла,
Шеконе хьо ваьлча,
А́ла са а хьоьгуш,
А́ла ду сан хьоьга:
Дуьне теш а хӏоттош,
Даредан сан чот йу –
Сан дӏагайта мохк бу,
Сан дӏабийца мотт бу.
Ворхӏе да́ а – нохчий,
Не́нан цӏа а – нохчийн.
Сан дӏабийца бух бу,
Сте а нохчийн хӏух йу.
Нохчийн цӏарах дийца
Да́ла су́на цӏийца
Схьакха́чийна мукъ бу –
И сан сийлахь дукъ ду.