Гӏиллакхийн хоршара къаьхкина,
На́хала бевлла цхьа бехкамаш
Эвхьаза су́на тӏе керча.
Ца́ра, ца кхе́таш сан кхе́тамах,
Шеца, цхьа деккъа догъетӏар бен,
Ларйо́цу некъ бо сан кертахь.
Гӏовгӏанаш уьду цу некъаца.
Цаьрга ладоьгӏуш, са де́ха сан,
Ченан дохкк йижаре хьаьгна.
Бӏарлагӏех сибат ца хӏотталуш,
Бӏаьрса а – гӏиртина, хӏоьттина –
Гӏеллуш ду, че́наша аьгна.
Цуьнан къа дахна хир къила сан –
Лерса ду хьалхачул ира сан,
Тӏех лайна гӏовгӏанийн гӏовгӏа.
Ца́ра цхьа кхайкхамаш кхайкхабо:
Доттагӏех тешаме айкхаш бо,
Вежарех – дуй биъна довхой.
Мостагӏца гӏиллакхаш леладеш,
Къуца а гӏиллакхаш леладеш,
Йилбазийн бӏо бу те́ стамлуш?
Ца лууш царех дӏатарвала,
Ниййат деш со-сайх а ларвала,
Халбата хаа са кӏамлуш,
Ас, оцу гӏиллакхех къаьхкина,
Бух-кӏорга каш сайна аьхкича,
Со оцу буха дӏатилча,
Тӏаккха а хоьттур ду беламе:
«Да́хар, хьан бакъ мичахь лела те́,
Дууш дерг харц дуьне хилча?»