Бе́раллин шерашна аьхна
Хиллачу туьйранех йуьйлуш,
Цхьа Дажал вуссур ву баьхна
За́ма сан гӏе́наш чу йуьйлу.
Вайна цо кечбина бохам
Кхаж бу те́ йилбазийн баьлла?! —
Синошна и да́латохар
Хӏинцале бале ма даьлла.
Са кӏезги хиларна до́цуш,
Са хьаьшна хиларна дуй и-м.
Бакъ-харцций цецах чекх ло́цуш,
У́зуш дац йа дош, йа дуй а.
Мозгӏарна вайгахь ган тайннарг
Аллахӏан цӏарах а баьрчче
Да́ккхалуш хилар а вайна
Хезна а, гина а даьлча,
Вай хӏунда сихло теша
Цӏуьхӏарийн суьпачу кхаьънех?
Цунде́ла дазлуш ду теша
Сан гӏенийн дастаза маьӏна?